Йижарий-Вежарий! Сан махкахой!! Нохчийчохь-Г1алг1ачохь берш а, Аренца леларш а!...Шу Дала маьрша леладойла!
...Чиллан беттан 23-г1а де.. 23-г1а февраль - Совет 1едало Вайнах махках баьхна де..
Вайн Иэсера 1аьржачу денойх цхьаъ.....
....Бехачу новкъахь а, д1акхаьчначул т1аьхьа а мацаллой, шелоной,цамгаршший к1ела битар бахьана долуш кхелхина уьш..
Царна халонаш гина.. 1азап текхина цара... Дуьне доххал боккха бала боьссина хилла
церан синошка-дог1машка...
Дала гечдойла царна!
Дала гечдойла вайн оьрсешца хиллачу шинна а т1ам т1ехь беллачарна...
Дала Г1азот Къобал дойла церан!
Дала 1алаш бойла ц1ахь берш..
Дала диканца-сихонца къацахетарийн карар бохийла вайн набахтешкахь берш..
Собар-Ларам-Машар-Къинхетам-Марзо-Дашар,-лойла вайн Цу Везачу Дала...
Цхьамма а, цкъа а кхин лаза ма дойла вай...
Ма лазадойла вай вовше а..
Ма хаьрцийла вайн б1аьвнаш..ма йогийла вайн х1усамаш...
ма чахчдойла вайн дегнаш...ма доьлхийла вайн г1елделла б1аьргаш...
...Ц1еналло вайн Ойланаш серла а йохуш,
Эрчo вайн амалашна гена а юьйлуш,
Безачеран вуо ца гуш,
Иман-Беркат доьзалехь лаьтташ,
Дехийла-кх вай дуккха а шерашкахь...
Дала шена лаамца цхьа БАРТ бина,
Баланех-Сингаттамех, Зенех-зуламех
Лардина, нийсачу-сирлачу новкъа
Доккхийла вайн жима-хаза-оьзда къам!
Дала шена Боккха Къинхетам хьалха а баьккхина,
Ц1адерзадойла вайн Дуьне мел ду даьржина лела,
Хаддаза Даймахке сатуьйсу, Синош!
Боккхачу ларамца Бирлант
От Балаты Беляевой. Помним. Депортация и возвращение
23 Февраль 2014 г. ·
|