Сийсара нохчий Сибрех бигар хьахаделча, сан накъосто дийцара: "Сан ненада дика таро йолуш хилла, и бахьанехь 30-чу шерашкахь "кулак вина" хьажийна Сибрех хан яьккхина хилла цо. Цуьнан жа йолах дажош цхьа соьле хилла. Берриг бахам буьсуш, ненада Сибрех вигна. Х1ара ц1а вирзина дукха хан ялале, доккха жа хьалха доккхе уьзза соьле вог1у керта: "Д1аэца,...,х1ара жа, аса хьан бахамах пайда эцарна х1ара ахча а схьаэца. Суна къинтера вала, хьайн ницкъ кхачахь". Ненадас ахча схьаоьций, жа совг1атана ло" (Сурт хьена ду ца хаьа.)
Джалвади Малаев
Хасав-Юьртахь х1оттина хила долу ловзар.
|