Х1ажар йара цу зудчун ц1е. Суна дага йог1у и, цхьаъ бен воцу к1ант велла, ша 1аш йара и. Аьхка к1ентан бераш дог1ура охьара хьал. Х1инцам йац и, Дала геч дойла цунна. Тхан дендас дуьйцуш хилла: мецачу хенахь, нах д1абохиначохь, тиф олуш цамгар хилла нахана кхеташ. И цамгар кхеттарг синкхетам чуьра воли хан йоккхуш хилла, ткъа метта веъча йаа х1ума ца хилча леш. Йаа х1ума ерг талуш. Цхьа бепиг хилла тхан денден, тиф хилла кхетта, синкхетам чуьра волуш вукх ша аьлла хеташ хилла. И буханка Х1ажаре д1аелла цо, ша метта веъча йаиталахь шега аьлла. Цу лазарх хьалха а ваьлла ц1а вирзина. Олуш хилла цо, дуккхаъ болчу божарех а тешо йиш йацара цу хенахь бепиг.
|