Памяти жертв депортации чеченцев и ингушей в 1944 году
Регистрация | Вход
Главная » Все материалы » Публикации

Хасбулатов Русланс дуьйцу вайн къам махках даккхарх.

Чиллан-Беттан 23-гIа де нохчаша дицдойла дац. Дицдойла дац, вай оьзда нах делахь, аьлла хета Оьрсийчоьнан Лакхарчу Советан куьйгалхо лаьттинчу, Оьрсийчоьнан Iилманийн академин декъашхо-корреспондент волчу Хасбулатов Русланна.Маршо Радио: Ахь а ма лайний хьайн гергарчаьрца, тайп-тукхумца, дерриг къомаца. Хьайна Казахстанах дагадогIург дийцахь.

Хасбулатов: Дера йогIу суна-м Iаламат дика дага цигахь лайна халонаш. Тхан доьзалехь тхо виъ вара - кхо ваший, йиший. Со уггар жиманиг вара, шо кхаьчнера. Арадохуш кечамна цхьа сахьт деллера.

Тхан да партин обкоман декъашхо, "ЦIен Варзап" ("Красный Молот") индустрин декъан директор а лелла, воккха хьаькам вара, цунна дика хууш хиллера махкахдаха къам кечдеш дуйла. Цо накъосташка а, гергарчаьрга а хаийтинера, арадохур ду, кечдала деза аьлла. Иза чувоьллинера, хьанна хаьа, авторитете а волуш, цо хIун лелор ду, аьлла.

Иза тIедийн цамгар (тиф) ю аьлла, бахьана а хIоттийна, дарбан цIийне виллина, цу чохь вийна. Кхано, цIадаьхкича бен ца хиина тхуна иза а. Иза чохьваьллинчу дарбан цIийнехь болх бинчу цхьана ногIийчо дийцича.

Тхо Къилбаседа Казахстане, Петропавловск махка дахийтинера. Сибрех яра-кх иза, цхьана жимчу колхозе диссийна тхо - Гельц Максан цIарах колхоз. Цигара дагайогIу суна депортаци. 5-6 шо даьккхина оха цигахь. Вай стенна хьовсийна Сибрех а цигахь хиира-кх суна.

Нах цIерпошташца леш, уьш дIабохка а йиш йоцуш, оьзда нах ма хилла вайн даима а - шен гIуллакхна араваьлларг, топ тухий, вен а вуьйш. Доккха Iазап доьссинера нохчашний, гIалгIашний тIе. Нийсса ах вайн халкъ хIаллак ма дина.

Тхан нана колхозе а йигина, цигахь хьелийозархо а хIоттийна, аьтто белира тхан, цо мацалла ца болуьйтуш схьабалийра тхан доьзал. Гергарнаш дукха белла мацалла.

Цу тIе, эвлара эвла гергарниг волчу ваха йиш а йоцуш. Колхозехь ахча ца лора, белхан денош а яздой, царна дуьхьал ялта яздора. Ткъа и ялта чекхдоккху хьер кхечу кIоштахь яра. Ша тхан кIоштан Iедал а генахь дара, цига, коменданте, хьера ваха бакъо еха ваха дезара, ткъа ваханарг дIа а лоций, комендантан раж талхийна олий, хан тухура. Иштта хьийзош, и Сталинан режим вуно боьха ма яра.

Тхан нанас йоьлуш дуьйцура со воккха хиллачу хенахь. Гергара нах баьхкинера боху вайга хьошалгIа, соьга хаьттина, воккха хилча хьо мила хир ву, аьлла. Ас аьлла хиллера, воккхахилча, оцу Кремле а вахана, и Сталин волччу охьа а хиина, иза тIаIIийна чувуллур ву ас! ...Оццул вайн безам боцуш Iедал ма дара иза!

Маршо Радио: Руслан, дуккха а зама яьлла, вай дицде хан а ма яра, хIинца и де дагадогIу нах дукха а бац, цу тIе, махкахь хьаха дойтуш а дац къам махкахдаккхар, нохчаша диц стенна ца до техьа и Де, и хан?

Хасбулатов: Муха дицдийр ду, суна муха дицлур ду! Селхана санна дага ма догIу суна! 8 класс а яьккхина, цул тIаьхьа сарахь доьшуш вара со (вежаршца цхьаьна доьзал кхаба ма безарий). Алматара Москварчу университете а вахана, цигахь чекхваьлла, махкахь дукха ваьхна а вац со. Амма дуьйцург а, гушдерг а ма-дара гIелонца дозаделла.

Вайн чартех некъаш бехкина, кешнаш хIаллак а деш, музейш, ва библиотекаш, еррриг а синбахаман хазнаш, театрш, нохчийн мотт дIабаьккхина, нохчех, гIалгIайх мостагIий а бина лелла... Иза муха дицдо? Тхуна-м дицлур дац, сан хенарчарна-м дицлур дац, хаац, кегийчара хIун лелор ду. И дицдала йиш а яц аьлла хета суна. Дицло хIума ма дац иза.

Кхечу къаьмнаша, шайн цахилларг а тIехь тIе а детташ, дуьйцу, ткъа вай дицдала гIерташ ду сихха. Оьзда нах вай делахь-м дицлур дац, я дицдала йиш а яц.

Цундела со дарже ваханчу хенахь иза дара-кх сан коьртехь. И тайпа къхизалла ас кху Оьрсийчу юхакхочуьйтур яц, вайнахана хъьовха, кхечу къаьмнашна а, олий. ...Цундела со кхоьссина дIа а вахийтира! Цу тIе, Нохчийчохь болчу наха гIо а деш!

Баккхийчу наха со жима волуш олура, хьекъалениг вайх хьалаваьлчахь, вайнаха тIаьхьа а бовлий, озавой охьавоккху, цундела иштта хала схьадогIуш ду вай, олий. Иза муха хуьлу олий хетара суна суо жима волуш. Воккха мел хили, цунах кхеташ вогIу!

Маршо Радио: Жима волучу заманахь, ахь воккха хилча айхьа дендерг аьлла-кх, Кремле а кхаьчна, цигара бехкениг чувуллур ву!. Кхечира хьо Кремлан коьрте а. Хьуо цу чохь волуш, ахь муха кхетадора хьайн къам махкахдаьккхина де? Ерриг Оьрсийчоьнна санна иза дезде ду, Эскаран Де, ткъа вайна - тезетан де. Юкъара терза латто ма дезний хьан хьайгахь...

Хасбулатов: Лакхарчу Советан кхеташонехь а олура ас-м, хIара Эскаран Де ду, амма шун куьйгалхочунна дац шуна, накъостий, хIара дезде. ...Кхета а кхетара сох-м и сан депутаташ. Иштта яра-кх сан позици. "Суна дезде дац шуна иза, сан коьртеххьий, сан кийраххьий дац шуна дезде!" Цкъа а, шозза а элира ас иштта массарна а хьалха. ...Кхидерг а олура ас-м!

Маршо Радио: Ахь олурий-м массарна а хаьара тхуна!

Хасбулатов: Хуучарна хаьа, массарна ца хаьа!

Маршо Радио: Хьан хьайн могашалла муха ю, Руслан?

Хасбулатов: Тоьар йолуш ю, Дала лелош ву, Далла бу хастам!

Схьаэцна кхузар.


  - 

Категория: Публикации | Добавил: isa-muslim
Просмотров: 2882 | Загрузок: 0
Всего комментариев: 0
Имя *:
Email *:
Введите код из картинки *:


Предлагаем вашему вниманию:

  • Они мечтали напиться аргунской воды. Аббаз Осмаев.
  • Половину выгружали уже трупами…
  • Я стеснялась, вокруг было много мужчин. Я даже не кричала, сидя, родила молча. От Зины Шабазовой.
  • Ильяс Асхабов (с. Старые Атаги) родился в июне 1951 г. в Казахстане, колхозе "Кызыл юлдуз" ("Красная звезда").
  • Доттаг1
  • АКТАШ – АУХ – мое родовое село
  • Пока сыны воевали за страну, страна устраивала геноцид их народов
  • Зернышко кукурузы было находкой.... Руслан Коканаев
  • Свидетельства трагедии Хайбаха. Фильм 1991 г
  • Я тебе не Коля, а гражданин комендант! История Эльмурза Ульбиева.

  • Карта посещаемости сайта:

    Регистрация Вход