Т1ом баьллачу хенахь Ч1ишка жима яра. Цхьа б1е делахь кхи ц1а дацара юртахь. Т1амт1е бахана х1ора ц1а чуьра кегийнах бара. Дагица (Дельмаев Вахьид, Кайпи ц1ийнда) охашимма багарбича кхузткъе вуьрийтта – кхузткъе берийтта стаг вара вийнарг, вайнарг. Д1абаханарш-м кхи а дукха бара, х1ора ц1ачура цхьацца-шишша.
Ч1ишкахь лаьтташ эскар дара. Х1ора ц1ачохь пхиппа-итта стаг. Вай чохь а бара салтий. Ваха (Юсупов, Кайпи ваша) жима вара, цуьнан кехат-пондар бара. Цхьама салтичо шега иза лакхийта, аьлла, бехча, цабелира Вахас. "Злой чечен", – элира салтичо.
Шайн т1емалойн г1уллакх а 1амош 1аш бара салтий. Царна шортта яах1ума латтоезара тхан. Иштта кхечу ярташкахь а бара салтий. Х1ора юртахь шай-шай эпсар а волуш. Ч1ишкахь майор Кривошеенко вара. Цуо х1ору сарахь шена я уьстаг1, я газа, я кхи х1ума а йоьйтий, шортта жижиг а, кхи яах1ума а йойтий, синкъерам бойтура. Наха цунна яийнарг, малийнарг 1аламат дукха х1ума ю.
Шай т1емалойн г1уллакхаш 1амош, нах а хьийзабора цара – оьрнаш дохийтуш, хьуьнхара ханнаш а, Органан тог1ичуьра т1улгаш а текхадойтуш. Ч1ишкахь маьлйолу йо1 а гуллайой, цаьрга болх бойтура, оьрнаш а дохийтура.
Оццула шаьш дика лелийча а, тхо дохуш дукха къиза дохийра цара.
Цхьана суьйренахь, иштта синкъерам а болуш, арахь тоьпаш евлира. К1егирхой а, салтий а арабоьвдира. Стиглара охьаоьхуш гилланаш т1ехь немцой бара, – тхуна уьш муьлш бу а ца хууш. Царах шиъ вийнера. Цхьанна т1аьхь тхуна доьххьара гина бурулла-можа чиллан-гатанан чухулйуьху коч яра. Цхьа йоккха яшка яра чукхоьссина. Цу чуьра нохчаша д1асаидош автоматаш а, патармаш а дара. Уьш массоа д1агулйира т1аьхьо 1едало. Цхьа тамашийна дакъийна бепигаш а дара, хичу диллича иттуза доккха а хуьлуш. Чукхиссабелларш, и вийна шиъ воцург, боьвдда хьуьнах бахара.
1944-чу шеран пебралан 23-чу дийнахь 1уйранна хит1а бахана зударий юха ца бохуш, царна т1аьхьа бахана нах а ца бохуш де даьлкъанга делира. Д1ахьаьжча, Г1ой долун тог1ичоьхь д1а кхаьч-кхаьчна стаг сацош хилла цара. Х1ара нах некъ табан бига беза шайн, бохуш хилла цара. Т1аьххьари, юрта чу а баьхкина, массоа ц1а чуьра нах ара а бохуш, д1агулбира.
Абата (Кайпи марда, Дельмаев Джабраил) цамогуш вара, иза аравала цатуьгура. Т1аккха аса – "Абата, вай дохуш ду хьуна, вай Сибреха дуьгуш ду хьуна, хьай кетар а, кхи йовха йолу х1уманаш т1е а йохий, ара вала, ца вала йиш яц хьуна", – аьлчи, аравелира Абата а.
Суна жимма г1аскхи мотт хаара. Цхьана салтичо – "Яа х1ума хьолахь, кхи ерг йита а йитий", – елира соьга. Аса катоьхна цхьа гали гергга ахьар говрана т1оьхула тесна таьлсаш чу диллира. Г1ой тог1ичу со йоьлушшехь, говр кхаьхкира сан, и т1аьлсаш говрара охьаозо кхиира со, т1аккха уьш такхийна охьа дехьира аса.
Маьл болу Ч1ишкара нах гул а бина, царна гонд1а салтий а х1иттийна воллуш вара Кривошеенко. Нахана т1ечехаш, шед етташ, кегий-баккхий а ца къаьстош лелаш вара иза.
Вахий, Зулпаттий (Кайпи ваший, йиший) жима бара. Цаьрга ч1ог1а ца хьожура салтий. Цундела царшимма ахьар а, хьаьжк1аш а дукхахьо даьхьира. Вахига кхуо пондар цабелла салтичо – "Злой чечен, хьай пондар хьайца д1а хьой ахьа", – аьлла, хаьттича, – "Ца хьо аса, хьайна бита х1инца и пондар", – элира Вахас. Иштта кхи цхьа а х1ума оха а ца яхьира. 1оьхкуш дисира тхан маьлдолу даьхни а, охьакхоьссичохь йисира тхан маьл хилла х1ума а.
Г1ой чуьра хьалабоьдуш болу некъ, хьалха т1ай а доцуш, нисса санаторий йолчу боьдуш бара. Цига тхо хьаладигича, новкъахь лаьтташ яра шортта Америко елла машенаш. Карара маьл йолу х1ума охьа а туьйсийтуш, оцу машенаш т1е дехира тхо. Г1алит1а охьа а дигна, цигань та11ийна вагонаш чу доьхкира. Цхьа боьха, бежнаш лелийна вагонаш яра уьш. Оцарна чохь д1адигира тхо.
Вагонан юккъехь цхьа жима пеш яра. Шайгахь ахьар долчо межалг а бой, оцу пешана гонд1а а летош лаца а болийтуш, и буьда межалгаш дуура, шайна юккъехь уьш декъа а доькъуш. Аббатина берамаш бора аса, ахьаран цух а, къори цух а. Т1аккха дийнахь цкъа яа х1ума лора тхуна. Дагас шеца цхьа накъост а оьций, боккха яйчохь чорпий, сухаршший яхьара. Цо массарна а нисса йоькъура. Дагина ч1ог1а реза бара оцу тхан вагончохь болу нах. Цо лачкъа а ца йойтура яах1ума. Цхьаъ цо сацийра, яй чу куьг хьоькхуш, даьтта дууш. Важа, кхуьнца чорпа ян веанарг, кхунна гучувелира, яй чуьра, оцу чорпичура схьа а даьккхина, жижиг дакъа дууш. Церам кхи боккха баьхк а бацара, мацалла леш бара нах. (Цера ц1ераш а ехира Кайпас, амма нахе ма йийца элира, шега Дагас а аьллера иза, аьлла).
Нах дукхахберш дукха акха бара, цкъа а г1алахь а хилаза. Цундела тхо д1адуьгуш чог1а кхоьрура нах. Цхьаболчара – вай х1ордчу таса дуьгуш ду бохура. Поезд туннелчу бахача – хинца вай латта буха дуьгуш ду, олий, махьарий хьоькъура, бисмиллаш доьшура, зуькарш дора. Дукха ч1ог1а ирча болх бара иза, хьера валлала х1ума дара. Т1аккха яа х1ума кхачийра, хи дацара. Мацалла бала буьйлира нах. Цхьама зудчо, поезд сацийча, дукха ч1ог1а ялха а йоьлхуш, шен ц1ийндена дакъа лайт1е охьадиллира. Кхо-диъ де далале оха и зуда а йиллира иштта охьа, т1е лайш а тессина.
Кхечарга хьаьжча тхо-м дукха во дог1уш а дацара. Лаьмнаш юккъера охьабаьхна нах, цкъа а х1ун ду-дац а цахиъна болу, мезех а буьзна, цамгарш а кхетта, поезд чуьра ара а баьхна, новкъа йистехь 1охкуш бара, леш.
Иштта Сибрех д1акхечира тхо. Цигахь а яцара башх яа х1ума. Т1ом ма бара, цигарчу нахехь шайгахь а ма яцара цхьа х1ума а. Дукха нах белира д1акхаьчначул т1ахьа а. Баьста а бистина леш 1охкуш бара массоа а меттехь нохчий. Лениногорске бигнарш шаберш белира. Ч1ишкара нах дукхах берш Уварове а, Прапорщикове а бигира.
Тхо Уварове д1акхаьчча, клуб чу дигира тхо. Жима яра иза, массарна охьаховшалла а меттиг цатоьаш. Мезех дуьзна дара тхо массоа, и мезешь дойуш 1ира. Т1аккха къаста а дина, схьат1еоьхчу цигарчу нахе шишша-кхоккха д1асаделира тхо. Цара божал делахь а, баня елахь а 1ен меттиг лора.
Рассказова Валя бохуш зуда яра сой, Даги д1адигинарг. Цуьнан ц1ийнда хьалха пирсдател хиллера оцу юртахь, х1инца т1амт1ехь вара. Оцу Валяс дика баня а йохъйина, дика лийчира со, са коьртара мезеш а дохуш. Йехха яхк хьийкъира цо суна, са йеха месаш а хьаьстош. Т1аккха оцу баничохь 1ийра сой Дагий.
Зулпаттий, Вахий д1адигира Мотя бохуш цхьана зудчо. Иза детсадики белхало яра, цо кхано Зулпат шеца балха а х1оттийра.
Б1аьстина Валяс кегийра картолгех дуьззина ши ведар делира суна. "Катя (цо сох Катя олура), эту картошку не кушай, я тебе покажу, где посадить. Осенью с картошкой будешь".
Аса кхоийра и картолаш, наха шайна елларш дукхахболчара йиъира, аса ма яъа боххушехь. "Вай кеста ц1а дуьгур ду" а бохуш. 1а т1екхаьччи са масех гали картолаш яра, цара 1анера дехира тхо. Нахха-м оцу шозлг1чу 1ай кхин а дукха белира мацалла. Суна кест-кестта бераш дог1ура, – "нанас картол яийта боху", олий. "Хьай нене аса б1аьста баьхнарг дагадаийта, алалахь", – олий, лора аса.
Шозлаг1чу б1аьстинге кхаьчнарг дийна висира, мацалло ца вуьш. Бала-м белира нах – цамгарш дара, цхьанна лаза а вора, цхьа х1ума лачкъина лаьцнарг вовра, т1ап аьлла. Тхо-м, маьл халонаш лийняхь а, дика дийна дисира.
О выселении жителей с.Чишки в 1944 г.
Записано 27-29 марта 1987 года со слов Кайпы Юсуповны Дельмаевой (в девичестве Юсуповой), 1926 года рождения.
Дельмаев Х.В.
19.02.2019.
|