Памяти жертв депортации чеченцев и ингушей в 1944 году
Регистрация | Вход
Главная » Все материалы » Истории и судьбы

О возвращении в 1957 г. в Беной-Ведено (на чеченском). Джалвади Малаев.

« .... яцара дай баьхна юрт гIиргIазой махкахь бераллехь тхуна йийцина куц-кеп долуш! Цкъа а адамо куьг ца Iоьттича санна, тиша, хьахарш эгна, ах вовшахдаьхна цIенош, стоьмаш хиллачохь юьхгаш (иза болх хьуьнах дечиг ца даккха беш хилла), ког билла меттиг йоцуш кхош, массо цIа чохь, даьлла вай санна, къийзоргаш, тамашина нIаьний, боьха даккхий мозий… ХIан-хIа, кхузахь Iийнарш адамаш дарий те, я оцу воккхачу 1еламстага стага бийцина дуьненахь неIалт хилла Делан мостагIий барате? Наноша пенарш тIера хьахарш эгош, юха сихонца поппарш хьаьхира, хьожа-мода, къийзоргаш дIаяха гIерташ, амма цхьана-шина шаре дIабахара и «тIом». Ткъа тхо, бераш, доьлхура, ца оьшу хIара яхкаелла Кавказ, бохуш. Сихха деара шийла Iа. 
Iедало цIа догIа, етт-эса эца ссуданаш луш, цхьа таро-м йира, амма оьшург дукха хиларна, цунах башха хIума новкъа ца долура. Ссуданех къаьсттина ала лаьа. ЦIавогIуш волчу нохчочунна, шен цIа соьлечунгара схьаэца, ссуда яздора, ахча колхозехула соьлечунга лора (и болх сихонца дIакхехьа колхозаш ехкира, районехь дуьххьарлера колхоз Беной-Веданахь йиллира, Х. Нурадиловн цIарах), нохчо схьакхачаза воллушехь. «Бусулба вашас» ахча схьа а оьце, схьайоккхура некъ-кор, тхов тIера гераг, коьчалш, утарма, гIораш, юьйцина керт дIаяьхьна меттигаш а яра. Ирча хьал дара юьртахь. Сибрех шайн хIусамаш, сал-пал йорах дIаелла цIа бирзинчу нахехь ахча дацара. Цу тIе суьлаша мехаш шозза-кхузза хьаладаьхнера, ткъа эца даьхни цаьргахь бен дацара. Гуттар «дикачара», хIуьттареннна, цIе деши делча а, уьстагI, газа, бежна, докъар ца духкура...
Цу заманчохь, кертахь етт боцчу доьзална, мацалла неIарехь яра. Иштта таронаш еш, адамана жимма чу са догIуш дара. ЦIа дугIуш, белхи вовшахкхете, жимма аьтту хуьлура нехан. Колхозехь бара болх, амма цигахь къинхьегаман деношна луш долу ялта доьзал батте баккха а ца тоьара. Цухенахьлерачу кхетамца, уггаре дикачу хьолехь бара юьртара хьехархой (церан беттан алапа 40-80 сом дара), пенсионераш, инвалидаш (цара оьцура I2-I00 сом). Къайлах-къулах кегийра нах кхечу махкашка балха оьхура – хIирийн, гIебартой-балкхарийн махка шахтанашка; оьрсийн мехкашка совхозашка гIишлош ян. Иза магош дацара – шабашник ву олий, Iедало хьийзавора. ТIаьхьо бIаьста-гурахь аренашка кемсаш тIехь болх бан оьхура. Гуьржийн махкахь бIарийн тIамарш мехе евлча, дика аьтту хилира нехан - хIоранан кертахь бIараш хиларна. Делахь а оцу бIарийн цхьа дакъа колхозана луш дара, леррина кехат ца хилча, б1арийн т1амарш Гуьржи махка яхьа йиш яцара, колхозана дIаделчи бен, докъар даккха йиш яцара. Кертахь кхобучу бежанна, дуьйчу кханна тоьхна барам бара. Масала, инвалида, пенсионера, хьехархочун бакъо яцара I5 сотел сов беш хила, жима-доккха кхааннал сов бежана хила, ткъа колхозан декъашхойн и барам к1еззиг лакхара бара. Суна шера дагадогIу: талламхоша тхан беш юьстина, сов яьлла 5 сотина т1оьхула тракторца нох текхош, ткъа цу тIехь яра хьаса баьккхина хьаьжкIаш (дерриг рицкъа хIетахь хьаьжкIаца дара). Билгал даккха деза цхьа х1ума: хьехархошна, инвалидашна баттахь хIора син цIарах 9 кила дама, я ахьар духкура. Иза доккха хIума хетара (хIинца-м кегирхойн белар эккхар ду), дукха хьолахь и Бенара (I0 чакх.), йа Энгана дукъара (I7 чакх.), машенна дуьхьал вахана, вирана тIехь, я стерчийн салазехь дадезаш нислора – хIуьттаренна санна цу дийнахь догIа, я ло хуьлура, ткъа юьрта некъ бацара. Зама хала яра аьлла ца Iаш, юьртахойн барт бара, вовшашца яхь яра, дика-вон цхьаьна луьстара. Дера, весаш, дар-дацар, наггахь кегийраша буй-тIара дар а ма нислора нахана юкъахь. Массо адаман а кхачамбацар ду и, хIун дер ду тIаккха. Делахь а и тайпа хьал хIоьттича, нехан иман, хьекъал, собар ма тоьара дов сихха дIадерзо, доьзалшна юкъахь барт бан а. Адамашна парг1ато хила йолаелира Хрущев д1аваьккхина, Брежнев Советин пачхьалкхан коьрте веъча...

 


  - 

Категория: Истории и судьбы | Добавил: isa-muslim
Просмотров: 2796 | Загрузок: 0
Всего комментариев: 0
Имя *:
Email *:
Введите код из картинки *:


Предлагаем вашему вниманию:

  • О судьбе Бараева Сайд-Хасана Ахмадовича из Дуба-Юрта.
  • В Казахстане местное население сохранило память о былом и тяготах депортированных чеченских семьях. Альберт Муцаев.
  • Л.Усманов. ДЕПОРТАЦИЯ 1944-го.
  • Русские немцы чеченского происхождения.
  • ТАБУН
  • Летопись
  • КАРТОЧКА ПО УЧЕТУ СПЕЦКОНТИНГЕНТА
  • Магомед Муцольгов о депортации своей семьи
  • ХОЧЕТСЯ НЕМНОГО РОДИНЫ Анна ПОЛИТКОВСКАЯ.
  • О культе личности и его последствиях

  • Карта посещаемости сайта:

    Регистрация Вход