Памяти жертв депортации чеченцев и ингушей в 1944 году
Регистрация | Вход
Главная » Все материалы » Публикации

Йозане бирзина кхойтташеран лазам. Такалашов Султан.

Йозане бирзина кхойтташеран лазам.

Кху тΙаьхьарчу ткъех шарахь яздархоша язйина дуккха а произведенеш ю 1944-чу шарахь нохчийн къам махках даккхарх лаьцна. ХΙора а автора, шен корматалле, похΙме хьаьжжина хийрачу, шийлачу махкахь вайн дайша лайначу къизаллин, балин, харцонан сурт хΙоттийна, иштта бала лайнарг велхош, и хезнарг цуьнан акхараллех цец-акъ воккхуш.
Иштта къизалла ша лайначех а волуш, яздархо санна махкахь дика вевзаш а, лоруш а волчу авторан Дадашев Ιабдуллин дукха хан йоццуш зорбанера араяьлла керла роман-трилогин хьалхара книга «Цакагбелларш». Цу тΙехь автора шуьйра йовзуьйту нохчийн къомо харцонца, ямартлонца Ιедалан векалша харц цΙе тΙе а кхоьллина, махках даьккхина къизалла, бала, Ιазап хьоьгуш яьккхина кхойтта шо зама. 
Роман, юьххьера – чекхъяллалц, критикна «кхача» ца буьтуш, массо «хуттург» шен-шен меттахь йолуш, яздархочун профессиолизман лакхарчу тΙегΙанехь юьсу. Иштта роман ешча, Дадашев Ιабдулла яздархо-профессионал хилла ца Ιаш, иза – яздархо-психолог, яздархо-философ, яздархо-политолог, яздархо-Ιилманча санна го. Цо хийла, веккъа яздархочо санна, хΙоттийна сюжет хийла хΙокху романехь турпалхочунна бихкина кхиамаш баьстина хир бара, лайна Ιазап дайдина хир дара, Ιазап динчунна бекхам байтина хир бара. Амма, Ιабдуллас и ца до. Цуьнан шен бахьана ду. Иза вайна девзар ду романан таллам вай нийса бахь.
Хьалхарчу книгин юьхь ю «шийла» Ιуьйре цΙе йолуш, иза ян а яра иштта, нийсачу маьΙнехь а, тΙедерзийнчу маьΙнехь а. Иза яра 1944-чу шеран 23-чу февралан Ιуьйре. 
Кхидолу советан къаьмнаш санна, дΙабоьдучу тΙамна са а гатдеш, ткъе итт эзар къонах тΙаме а хьажийна, цΙахь висинарг а «Дерриге а тΙамна» бохуш къахьоьгуш, цу къинхьегамах шайна синтем а тарбина хене бовла гΙерташ бохкура и «шийла Ιуьйре» тΙеяллалц. Амма оцу Ιуьйранна, и хала вовшахбетта синтем, лаххьийна, берриге а цхьана йоккхачу биргΙи чу а боьллина, тΙе молха а доьхкина, дуьне а къардеш оьккхуьйту дерриг нохчийн къам, нуьцкъах, ямартхой санна, махках даккха чу эскар а узий. 
Автора ма-дарра сурт хΙоттадо оцу «шийлачу» Ιуьйренан. Къам махках даккха чуоьзначу эскаран, цара лелочу талоран, къизаллин – цара бехк-гуьнахь доцуш, Ιедало къайлах бинчу сацам тΙехь билгалйинчу хенахь эшалонаш тΙе кхачалур боцу, шайна тΙе некъаш доцу генарчу ламанан кΙотаршкахь бехарш, цамгарца берш шаьш бол-болчохь тоьпаш тоьхна, багийна хΙаллакбинчийн. 
Иштта сурт хΙутту Соьлжа-ГΙалахь вехачу Джабраилан кертахь а. Джабраил, чулилхинчу салташа, тухий, Ιуттий машен тΙе хьалавоккху уьйтΙарчу цΙа чохь агΙо а сецна Ιуьллуш йолчу шен нанна тΙе а ца кхочуьйтуш.
… – Сихо яйта цаьрга! Чехка лела! – мохь бетташ вара къиза эпсар.
– Нана ю сан цомгуш, – дехарца тΙевеара Джабраил эпсарна.
– Елахь ас хΙун дан деза цунна? Со лор ву-м ца моьтту хьуна! Лелий довла!
– Кхета со. Иза араяккха хьожу со… – йиш йоьхна хьесталора Джабраил.
– Цомгушнаш дΙабуьгуш лерина машенаш ю. Иза дΙаялор ю… Кхин къамел ма де.
… Дагахь а доцуш тоьпан тата делира ДжабраилгΙеран чохь. «ЭхΙ, йий-кх цара иза» – эккхаш, стелахаьштигал сиха машен тΙера чухьаьдира Джабраил.
НеΙарх чоьхьаэккхашехь, Джабраилан каелира тΙехула оьллинчу чоано къайлаяьккхина кхозу шаьлта катоьхна схьаэца. Иза баттара а йоккхуш нана йолчу чуиккхира иза.
Ша дийриг дина а ваьлла, стоьла тΙера суьлхьанаш лачкъош воллура салти. Шаьлта а буйнахь цΙеххьана чуиккхинчу Джабраила вохийначу цо автомат ластийра, амма Джабраил дΙа а иккхина неΙаран гурах кхийтира автоматан бух. Сихвелла салти галвелира. И тоьира Джабраилна цуьнан дегΙах шаьлта чекхъяккха.
– Нана! Сан Нана! – мохь белира цуьнга, – тешнабехк би-кх цара суна, къинтΙераяла суна, – йийна Ιуьллучу нанна уллохь горавуьйжира Джабраил…
Цигахь гуттаренна а Ιилла вуьсу Джабраил. Авторан ницкъ ца кхочу иза а, я меттахь Ιуьллу цуьнан нана а талорхойх кΙерхьараяккха.
Кирлелочу вагонашкахь генарчу, хийрачу махка дΙадуьгучу шен халкъана, цунах доглазар бен, цхьана а кепара аьтто бан йиш ца хуьлу авторан, атталла шаьш стенга дуьгу хаийта. ДуьххьалдΙа царна хуург: «…мичча дигахь а, Дела воцчу ца дуьгу-кх вай…» – дара.Оццул ойла ян а хьал долуш вацара Дачица, Абусолтица, Ιумарца цхьана вагон чохь, цхьана кΙажахь, берриг корта цΙеша а буьзна, цхьа бΙаьрг бен, юьхь гуш а йоцуш, кхин шена цхьанне а цу чохь болчеран ян гΙоли а йоцуш, хала садоьΙуш вогΙу кΙант а. Атталла, цуьнан цΙе а ца хаара чохь болчарна. Амма, жимма иза вистхилалучу хьоле ваьлча, Абусолтас цуьнга хаьттича хаьа царна цуьнан цΙе Хьусайн хилар а, цуьнца махках бохуш юьртах арабаьхначу схьабалочу нахах эшалон тΙе кхаьчнарг хΙара цхьаъ бен цахилар а, оцу нахах хΙара вуй Ιедална тосадалийта йиш цахилар а.
ХΙун хилла те и къизалла шена тΙехь лелаялла Хьусайнера даьлларг.
Хьусайн ша ламанца йолчу яртехь цхьана юьртара вара. Иза хиира шен рогΙехь, массеран а гΙайгΙа шен коьрте ерзон гΙерташ санна, дуккхаъчу ойланех юкъара а влоуш массарал воккха волчу Садон хаттарна жоп луш долийначу хабарехь. 
1944-чу шеран февраль баттахь ХьусайнгΙеран юьрта а баьржина НКВД-н салтий.
– … Эцца колхозехь далахΙиттина, тΙамна жижиг оьшу, тΙаргΙа оьшу бохуш белхаш беш дохкуш дара тхо… «Паршут видел?» «Немц прятал?» и ши хаттар дара цара деш. Цунах лаьцна тхуна хууш, хезнарг – иза лам чу паршут тІехь воьссина немцо, тІе шаьлта а лаьцна Хьаьжмурдан Къосума Іедале дІавалар дара. И хоьтту бохуш, тхаьшна хуучу маттахь оха иза дІа а вийцира. ТІаккха а: «Говори!» – бохуш, шайга далург дира-кх цара тхуна тІехь…
– Цхьа а вен-м ца вийра? – хаьттира Абусолтас.
– … Дера вийра-кх тхоьца мел хилларг-м…
Дагахь а доцург ма дира тхуна. Гулдина, тхуна тІехь Іазап латтийна шаьш девлча, массеран а керташкахула чекхбевлира, мега йолу хІума дІалахьош. Юха уьш галеш чу а йоьхкина, и галеш говрех дІа а дихкина цхьаберш дІабахара. Ткъа салташа, бежнаш санна, тхо охьалаьхкира. Дукха хан ялале тхо кхечира лаьмнаш тІеттІа а гІоьртина, цхьана агІор тІекхозабелла берд аболуш, вукху агІор кІорга Іин а долуш, цу кІоргехь готтачу Іуьргах дала гІерташ оьгІазе Орга а долуш йолчу метте. Эццахь, цІеххьана букъ тІехьа герзаш девлира. Еттачу автоматийн, зударша хьоькхучу маьхьарийн гІовгІанаша дІалецира берриге боьра. Юхахьаьжча гинарг ирча хІума дара. Салташа герз детташ дойуш, Іинах чуоьхуьйтуш дара адамаш. Хьаьдда вогІу салти тІекхачале со Іинах чуиккхира…
Иштта, шайга-шайга кхаьчна къизалла, бала бийцарца, вовшийн мила-мичара ву а хууш, вовза а вевзаш, мичча дигахь а цхьанхьа дига эшалонаш тІехь махках даьккхира февралан цхьана шийлачу дийнахь-буса Нохч-ГІалгІайн къам дерриг а.
Адам шегарчу балина ца талхийта гІо дало авторе, шегахь Іилма долуш, историк волчу Дачигахула, иза а, Массо нохчо санна, «изменник», «ямартхо» воллушехь. Цо шена къолам истории дика йовзаре терра, хало тІехІоьттича нохчийн къолам даима а хиллачу доьзалехь, собарх лаьцна исторически хиламех дуьйцуш, цхьана хана шайн карарчу балех херабохура накъостий. 
Амма Дачин шен ойла, хьаьвззий, шен накъостан Абусолтин санна: 
«… БІеннаш шерашкахь дай, церан дай баьхначу, хийла нохчийн кІентийн цІий, хьацар хуьйдинчу лаьттах хІунда воккхуш ву? ХІунда ю нохчашна тІехь юха а хІара къизалла? Ткъе итт эзар нохчийн кІант: «Сталинехьа!» «Даймахкехьа!» бохуш маьхьарий детташлеташ тІамехь оьгуш бу. Ткъа оццу хенахь церан дай-наной, йижарий, вежарий тІехь, когахь доцуш, даа, мала доцуш, бежанаш лелочу вагонаш чу а боьхкина, некъан бохаллехь велларг лайла охьа а кхуссуш, хетарехь, Казахстанан есаллехула дІабуьгуш бу…», – йийт ца гучу балина тІейоьрзу. Дача интеллегент ву, цунна хаьа шен къомана тІехь тахана еш йолу гІело, иза дуьххьара йоций а, дуьхьал дІа а хІоьттина цуьнца къийса йиш йоций а. Цундела, цо шеца вагон чохь болу накъостий ларбаларе кхойкху Іедална ца тов долу дош аларх а цаьрца деш долчу къамелехь. Дача а, Абусолта а ца хиллехь вагон чуьра цхьа а дийна дІакхаьчна хир варий те аьлла хетта. Цаьршимма, юучуьнца-молучуьнца, бедарца, дош аларехь, ойла ярехь, Массо а кепехь хила деза низам лардайтарца а, цкъа а шайн-шайн кІоштара дІаса а бовлаза хилла болу нах вагон чуьра ах сов дийна бисина хетало. Шина кІиранах сов, аннаш юккъехула дорцан Іожалла, дош аларехь галваьллачунна тІеман хенан низамехь автоматан дошан Іожалла тІегІертташехь. Амма, бисинчарна а яра хІорш дІакхачаре хьоьжуш Іаш санна, Казахстанан еха, еса аренаш майу йоккха бага а гІаттийна мацаллин Іожалла. Цхьаъ вукхуьнчух тера а доцуш шен-шен васт хІоттадо автора шен турпалхойн. Масала, Дачина Іедал а, цуьнан амалш а дика евза бисинчарначул а. Абусолта колхозник ву, ойла ян хууш а, Дачина санна шен къам дезаш а, цунах дог лозуш а ву. Иштта цаьрца цхьана вагон чохь волу воккхастаг Садо а ву шен юьртахь лараме хьекъале къано. Делахь а, бехачу новкъахь денна чуьра ара а дохуш лайла теІош декъий гича, Абусолте цо дехар-весет-м до, ша дІацавуллуш цавитар. Къена Садо ца кхоьру Іожаллех, шен дахарехь дукха хьежна иза цуьнан бІаьра. Амма, и вохийнарг, ша лахь и шел хьалхарнаш санна, цІерпошт сецначохь лайла а таІийна вуьтур хилар дара. Садона гинера, цІерпошт цхьана станцера дІайолалуш охьавоьссинчуьра цхьа минот хьевелла нохчо, вагон тІе хьаьдда вогІуш волу, салтичо топ тоьхна ша волччохь Іилла витар. хІетте а, ша иштта дІаволлаза висар Садон кхетам чу хоьуш дацара. Садо дахарх къаьстича, Абусолтас весет кхочушдан кечам беш Дача мосазза а гІоьрта иза шен некъах юхаваккха. Дача тешна хуьлу Абусолта ша а Іожаллин буйна воьдуш хиларх. Доьзалан ойла яр а доьху цо. Амма Абусолтин кхетамехь весет кхочушдан делла дош деза ду дахарал а. 
Кхузахь билгалдолу Абусолтин нохчалла а, бусалбалла а кхетамехь дахарал а, Массо хІуманал а лакхахь хилар. Ткъа Дачин – цу шина а агІон тІе кхане а ларъяр. Цундела Садога харжам нийса Байтина бара автора весет дан Абусолта харжарехь. 
Кхин цхьа турпалхо а ву вагон чохь, цкъачунна, шел баккхийчарах бехк лоьцуш тидам ца беш вуьту доьзалхо санна, автора романан юьххьехь кхин башха тергал ца веш. Амма иза угар дукхавезаш а, коьрта а турпалхо ву авторан. Бакъду, романехь бечу бехачу новкъахь, адаме лан ца яллал яккхий халонаш, баланаш тІеІиттабаларх, автора иза цуьнан шен хьекъалца, шен доьналлица, шен ницкъаца чекхвийла вуьту, ша орцах а ца вуьйлуш. 
Пхийттара а валале, дех-неннах, йиша-вешех, атталла, юххехь веза-вевзачех цхьа а воцуш, керахь-куьйгахь доцуш, къомана а тІебоьссинчу балин декъах шен дакъа тІе а эцна воьссира Іумар Казахстанан шийлачу махка. Абусолтас шен доьзалца дІатарво Іумар. Цигахь шецанна балха анисво. Делахь а, тІехь лелон харцо а, кІентан аьрхалла а даима къийсамехь дара.
Къоначу дегІехь ницкъ а, гІора а, шех бІобулуш ойла а яра. Іедало шен къомехь латточу гІелонан ойла мел йо а, цуьнан са кхин тІе а карзахдолура.Амма мел доьналла долуш, ницкъ болуш майра кІант иза хиларх, цхьана а хиламехь аьтто хуьлий дІа ца доьду цуьнан дахар. 
Масала, колхозан председатела бакъо а елла, мацалла ца яла, кІен буьртигаш лахьош йоллучу нохчийн шина зудчунна Манус шед етташ, цунна (оцу Мануна) муьшка йича, харц кхиэл а йой, чохь яккха ши шо хан тухий чувуллу Іумар. Цул тІаьхьа шен да-нана лаха аравьлча, юьртара юьрта ваха а нохчочунна дихкина хиларна цхьацца нисбеллачу аьттонца пхийтта сутка хан тухий вуьсу Іумар. Иштта, Іумара шахтехь болх беш а, чувоьллинчохь цо лайнарш а, кхин, кхин а …… Іумаран дахарна гондІа хьийзачу хиламийн вай терго йичавайна гучудолу вайн къомо махках даьккхина даьккхинчу кхойтта шарахь лайначу балин, Іазапан доза хила а ца хиллий.
Іумарна шен да-нана мичахь ду хаьа, наха телхина, бераш хьераяьлла Матуса олучу зудчуьнгахула. 
Кхузахь вайна автор говза политик а, хьекъале психолог а хилар билгалдолу. ХІунда аьлча, ша вехачу, аьлча а, хан йоккхучу меттигера кхечу юьрта я гІала ваханчунна ткъе пхиъ шо хан тухучу заманчохь Іумарна цуьнан да-нана карон орцахвала цхьа а вац цу хийрачу махкахь. Амма, телхина ю а олуш, бераша хьераяьлла Матуса олучу зудчуьнгара хаьа цунна шен да-нана мичахь ду, уьш болчу шахьаран цІе а. Іедало а, наха а телхина хиларна тергал еш а йоцу ша евзаш йолу Матуса хилла-кх вовшийн лоьхучу нехан цІерш а, адресаш а тІехь долу кехатан цуьргаш тІоьрмиг чу а кхиссина, Казахстанан мохк маббу, юьртара юьрта а йоьдуш нохчий бол-болчухула, хІинца Іумарна шен да-нана санна, нахана вовшийн кара а беш шен къомана орцахъяьлла лелаш. 
Кхетамчохь воцуш телхинарг а орцахваллал Іазапехь ду бохург ду иза, цхьана агІор тидам бича. Вукху агІор – массо а аьтто вайн къомана бихкина хиллачу къизчу Іедалан некъ хадош телхинчу цуьнгахула бен и диканаш далойла а дацара. 
Иштта, оцу хьераяьллачу зудчо шена гайтинчу некъах кхаъ хуьлий, Іумар, къайлаха, Абусолтица барт а бой, цхьана а адамна тоса ца долуьйтуш Горск-гІала шен да-нана лаха воьду. 
Іумар Горске а кхочу, вежаршна ган а го, цигахь жоьлгашца дІабоьдучу тІамехь, геннара, мила ву а ца хууш….
– ДІахьовсийша! ДІахьовсийша! Царна тІехьа царах леташ ву-кх цхьаъ. У-у, цо дийриг!
… – Мила ву иза? – Ахьа хІун дуьйцу?
– Суна вевзаш-м вац иза. ВаллахІ, цо уьш охьа-м бохку! Ван мукъане мила ву техьа иза? Церан хорма а ма ю цунна тІехь…
…. – Делахь вовшахлеташ хир бу хьуна.
– Бацара уьш вовшахлеташ-м. АхІа, хІинца гуо беш лаьтта цунна. И кІант вайнахах бен хуьлийла дац, – тхевна тІера охьавосса сихвелира Майрбек.
– Дуьлолаш! Дуьлолаш! – мохь хьоькхуш, бел карахь схьахьаьдира Майрбек а, цуьнан накъостий а.
Іохкучу жоьлгийн декъашна юкъахь Іуьллу шен ваша бІаьрг ма-кхийтти вевзина Пацун мохь болу, воккхахволчу веше кхойкхуш. Цунна ца лаьа шена гург бакъ хуьлийла, цунна накъост оьшу и бакъ ца дан, амма воккхахволчу вашас Шовхала и бакъ до. Цаьршимма, меллаша, ойий Іумар цІахьо.
…. – Ва, со яла хьан делаІ… хІара-м Іумар ма ву… Ма дукха сатийсинера ас хьоьга. Ма хьо иштта гур ву моьтташ яцара со. Хьуна дукха йилхина бІаьрхиш кхачийна Іара-кх со. Ва, сан Дела, собар лохьа суна хІара лан, – ахІи декъахь йилхира Кайпа.
Ненан кийрара баьлла мохь дагах хьаьрчина Іумара меллаша схьабилилра бІаьргаш, оьгІазло дІаялаза кхоьлина йолу юьхь, ненах бІаьрг кхетча, екхаелира.
– Ма-а… – аьлла нене дІакховдийна куьг меллаша охьадахара….
Ненан йовхо хааеллачу Іумара юха а схьабиллира ши бІаьрг, доккха са а даьккхина велевелира иза. Иштта, ца Іебаш, ненан бІаьра хьоьжжучохь севцира Іумаран бІаьргаш…
Романехь Іумарх къастар авторна угар хала а, еза а киртиг ю аьлла хетало, хІунда аьлча, хийла шен цхьаллин новкъахь Іиттаеллачу халонашкахь са а гатдеш, дог алозуш, мела а гІо а деш кху дийне схьавалийнера Іумар. Амма кхузахь, тІехІоьттинчу хьолах шен турпалхо кІелхьара ца ваккхало авторе. Ца ваккхало и вербованни олу жоьлгаш дукха а хиларна, Сталинан Іедалан векалша нохчашца тІом бан, уьш байа, царна, шаьш йичиа ца Іебаш, ямартло ян а маршо елла хиларна а. 
Автор вериг бакъ ву романан хьалхарчу декъан чулацамца а, цуьнан ерриг сюжетаца а. Бакъ ву, дерриг лайна, тІаьххьара, цхьана висина цхьа доьзалхо а мацалло ваьхьна, ша мацаллина къурд а аьлла яла йоьжначу ПетІаматах къинхетам барехь. Амма цунах къинхетам беш а вий ца ло автор, иза мацалла цаялийтар бен, цунна синкхача бала.
Іумар вожийнарг а, ПетІамат синкхачанах яьккхинарг а, цуьнан а, эзарнашкахь нохчийн а доьзалш шелонна а, мацаллина байинарш Сталинан режим яра, и авторан карахь дацара, иза къоман иштта цхьа декъаза кхоллам бара.
Хрущев Казахстанан юьрта варехула нохчийн къомана дуьххьара паргІатонан юьхь хаало романехь. И сурт ….. а, говза а хІоттадо автора:
… – Шегара бохамаш, гІелдалар дІадалаза, тІехь беркъа адамаш гора цунна (Хрущевна) тІом дІабаьлла исс шо делахь а…
– ХІокху чохь Іаш верг мила ву? – хаьттира Хрущевс цхьана лаппагІи хьалха а соцуш. 
– Тхан колхозник ву иза, Никита Сергеевич.
…. УьйтІахь цІена, тобина цІийнан гуо. Оцу цІийне а леррина хьожуш сецира Хрущев.
– ХІара цІа хьенан ду?
– Спецпереселенец ву кху чохь Іаш.
Иштта, нехан Іер-дахар муха ду хьожуш, схьавогІу иза юха а сецира… УьйтІа юккъехь тІулгаш тІехь лаьтташ кІурзах буьзна казан яй бара. Цунна гуобаьккхина Іохкура коьллаш, тІекІелбоьттиний, дІасакхиссиний гІий… ХІумма а ца олуш, лулахь лаьттачу цІийне а хьаьжна, цу тІе пІелг хьажийра Хрущевс:
– Оцу чохь Іийриг спецпереселенец хир ву? – кхул хьалха гинчу нохчочун цІа санна, цІена гуш дара цо хоьтту цІа.
– Ву. Ву. Шешен ву, Никита Сергеевич, спецпереселенец ву… – аз кхисса а луш жоп делира председателя.
– Спецпереселенец ву бах ахь?... Аша хІун дийр дуй? – гонаха лаьттачарна хІоранна а тІехь бІаьрг сацош хьаьжира Хрущев. – Шайн колхозникаш спецпереселенцех Іамабе баха…
ХІокху суьртехь автора ши агІо билгалйоккху ешархочунна:
Хьалхарниг – Сталинан чаьлтачаша акхачу къизаллица а, мацаллица а хаддаза ша охьуш доллушехь, луьрчу тІамехь кар-кара оьцуш ларъен байракх санна, нохчийн къомо шен оьздалла, яхь ларйина хилар.
ШолгІаниг – тІаьххьарчу шийтта шарахь Іедалан векал нохчочуьнга адаме санна дуьххьара хьаьжна хилар.
Билгалдаккха лаьа, роман язъеш авторна кхиам белларг яздархочун профессиолизм хилла ца Іаш, и дерриге цунна шена гина, цо ша лайна хилар ду аьлла хета. ТІаккха а хийрачу махкахь къомо лайначун сурт цуьнга иштта хІотталур а дацара, цу заманахь автор шегахь болчу балел а, къоман бала базбелла лелла ца хиллехь. Цо къоман а, цунна тІехь Сталинан хьадалчаша латточу къизаллин ойлаярехь дуккха а сагатдина ца хиллехь. Сагатдарехь цу Іедалан ницкъах, шен къоман собарх, доьналлех кхетта а ца хиллехь.
Иза иштта ца хиллехь, угар хьалха, Іумар ешархошца кхидІа а вита тарлора, цунна Алтына а ялийна, я, чувоьллинчохь, Саккехула доьзал мичахь бу а хиъна, цигара дІа Горске – да-нана долчу вахийта тарлора, я жоьлгех леташ цхьа аьтто а баьккхина, вежарша дозалла а деш цІа верзор вара… Амма, автора и ца до. Автор виц ца ло Іумар нохчийн къоман векал хилар. Иза къоман эхь-бехкан, бакъонан цІарах хилар.
Вай тешна хир ду романан тІаьхье авторан ишттачу исбаьхьаллин кхиамашца, амма къоман мелла а сирлачу дахаран агІо гойтуш хирг хиларх. Дала аьтто бойла!

Такалашов Султан
(От Петирова Петимат)


  - 

Категория: Публикации | Добавил: isa-muslim
Просмотров: 3521 | Загрузок: 0
Всего комментариев: 0
Имя *:
Email *:
Введите код из картинки *:


Предлагаем вашему вниманию:

  • Нурсултан Назарбаев предложил отмечать 1 марта День благодарности казахам
  • АУРХАНОВ ЭЛЬМУРЗА МОЛЛАКАЕВИЧ.
  • Русские немцы чеченского происхождения.
  • Аллах, может дать силы и от одного зернышка, дать баракат в этом. Азамат Исмаилов.
  • А. Бугаев о придании высокого статуса на государственном уровне юбилею восстановления ЧИАССР
  • Телеграмма Л.П. Берии И.В. Сталину о подготовке операции по выселению чеченцев и ингушей
  • Моздокский район Чечено-Ингушской АССР
  • Большой террор 1937 - 138 гг. - 80 лет.
  • Хьайбахахь язйина байташ. Поэма. Апти Бисултанов.
  • Воспоминания депортированной: Отец на фронте был, а мы предатели?!

  • Карта посещаемости сайта:

    Регистрация Вход