БИСУЛТАНОВ АПТИ
Хьайбахахь язйина байташ
(гуо я поэма)
мохк а боцуш цхьа а хан а йоцуш цхьа а
хилларг билгалдаккха теш а воцуш цхьа а
кхета ваша воцуш къасто верас воцуш
гIуллакх нисло соьца йийца къайле йоцуш
хIусаманна реза йоцуш цIевза неI сан
кху дуьненна реза боцуш хьевза некъ сан
хьевза дог сан хьевза хьаьъна яьлла ойла
йилбаз-махах хьевзий дов сан вахар-Iойла
сан когашна метта бовлу керла когаш
сан бIаьргашна метта бовлу керла бIаьргаш
серладовлий сенло абадера кораш
карладовлий денло азаллера хьаьркаш
волало со тIаккха патар санна вегош
цIоцкъамашлахь хIара маьлха дуьне дегош
со дIавоьху аз ду уггаре а шийла
сан са доьху барз бу уггаре а тийна
сацо доза доцуш хIара дуьне мел ду
тIома волуш санна кIентан болар пел ду
амма деза кир ду къоман лазам олург
хийла дагахь доцуш иза карлаболу
эзар гирда хуьлий и туьханан бIелиг
некхехь базло тIаккха саттош дегIан хелиг
хьаланислур вац хьо дийна вехаш мел ву
къоьан лазам иза дагна хьийзон гел бу
кIант пачхьалкха ваккха да вуьйш болчу нехан
мохк паргIата баккха къам дуьйш болчу нехан
цхьа хьаьрк цхьа зирх мел ду умматаца дехаш
суна хьарамдо цуо маьрша дуьне эхарт
IиндагIа сих дегIах къаьстар долчу дийнахь
чуьрта тIехь хан-зама соцур йолчу дийнахь
къаста йиш а йоцуш сацо каш а доцуш
къоман лазам буьсу цхьа а чакхе йоцуш
хIара дуьне реза дина ваьлла хир хьо
кхуьнан йоккха къайле гина ваьлла хир хьо
иза реза бина уьнах воьрзур вац хьо
иза бIаьрга гина коша воьрзур вац хьо
нанас лоьру духар кошан марчо санна
вашас лоьру хIусам кошан лахьта санна
цунна лоьруш дош а долуш сица цIийца
декъала а хилла доьрзур дац хьан дийцар
цIийнах цIарах ваьлла лело деза гIуллакх
кошахь самаваьлла дийца деза гIуллакх
диц ца дайта соьга доьхуш жоппий цIеттий
гIотту къоман хаттар лаьхьа санна сетташ
цунна дала жоп а доцуш узам боцург
дагна даккха цIет а доцуш лазам боцург
нана йийна кIеза санна холчахIуттий
со хьевзича суна бIаьрла дуьхьалхIуттий
сан да вийна луьра чIирхо ву ша олий
сан къам дийна къиза Даджал ю ша олий
ду ша олий соьра даьлла стешха гIалат
гIотту массех корта болу Iаьржа гIаларт
хьенан ву хьо дека цхьаъ бен доцу хаттар
Делан ву со цунна теш ду нохчийн латта
шаьлта буйнахь доIа дечу дена вина
сагIа буйнахь цIе луш ваха къобалвина
цIена дари дарна со вен кхел а йой ша
сан гергарчу улийн декъех тангIалкх йой ша
шен четара боккхий лаьхьа кховдабо цуо
шен коьртара боккхий чонах хулар йо цуо
шен цIийх дуьзна куьйгаш малхе кховдадо цуо
пхи са болу бIаьрг шен къиза карчабо цуо
ша кхиел кхочушъечу меттиган цIе йоккхий
тангIалкх коча уллий цуо со хьалха воккху
волало со тIаккха халла голаш егош
цIоцкъамашлахь гIийла Iаьржа дуьне дегош
сан са доьху барз бу уггаре а тийна
сан цIе йоху аз ду уггаре а шийла
сан мацалла елла йиша ю ша олий
ненан кийрахь велла ваша ву ша олий
хьалха долу суна и аз шийла тевжий
юххе хIутту гIийла белаш тIе а тевжий
бIешерашкахь кийрахь кхаьбна луьра лаьхьа
Iеттабина хан а хIутту суна тIаьхьа
дикчу ден цIе хуьлий хьалха долу дахар
сан куьг лоций юххе долу ненан сагIа
деган туьшахь къуьйлуш иэсехь дийна мел дерг
бIаьрлагIашка дуьйлуш цIийца тийна мел дерг
бIаьрг къевлина хIара дуьне кхин ца гайта
воьдуш волчу суна го сайн кхелан майда
пайхамарша догIмаш доьхур долчу дийнахь
умматана Элча воьлхур волчу дийнахь
хIоттор йолу Iарас-майда йиц ца йайта
хIоттайича санна хуьлу Кхиелан майда
Исрапилан зурма шолгIа екна яьлча
Элча везчу Деле уммат дехна ваьлча
жоьжагIатан момсар екон йолчу озах
тера хуьлу кхиелан сацам буьйцу оза
когаш боцург веъна хилла олу соьга
куьйгаш доцчо дина хилла олу соьга
и ца хаза лергаш доцуш хила олу
и ца довза бIаьргаш боцуш хила олу
маттах хилла шад а бостур болу гIуллакх
дагах хилла тIулг а огур болу гIуллакх
дита олу соьга ирсе хила олу
сий а дитий уьнах цIена хила олу
соьга велха олу чаьлтанчанан синна
соьга товжа олу тангIалкханан къинна
нанна хьарам хилий сийлахь хила олу
дена ямарт хилий декъалхила олу
дайн даьIахкаш йохккал говза хила олу
кошахь маша даккхал майра хила олу
да вийначух вахккал эсал хила олу
цуьнан ненах ваккхал оьзда хила олу
сан бехк къастабина баьлла олу соьга
кхиелам сацам хилла баьлла олу соьга
ваха веза олу вела веза олу
лай а хилла лаьттахь лела веза олу
сан да вийна луьра чIирхо ву ша олий
сан къам дийна къиза Даджал ю ша олий
ду ша олий мацах соьра даьлла гIалат
соь ладугIий соцу сан кхиелахо-гIаларт
цунна дала жоп а доцуш наьIалт доцург
цуьнца къовса ницкъ а боцуш когаш боцурш
вада кхоллаелла ойла йохош тIаккха
хеза суна цуьнан шийла сардам баккхар
хьо хьалхара вац ас кхуза вала винарг
хьо тIаьххьара вац ас кхунах бала бинарг
хIара ду хьан къоман малх чубуьзна латта
дезар ду хьан кхузахь хIоллам хилла латта
тIома гIаттарх кхунах вала меттиг боцуш
лаьттаах воларх кхунах къаста амал доцуш
кху Хьайбахахь хилларг диц ма лойла хьуна
цунах вала Дала ницкъ ма лойла хьуна
бераш догуш гина ду ша олу соьга
наной богуш гина ду ша олу соьга
ду ша олу иза кхочушдина лайна
Делан неIалт гина ду ша сибат дайна
эзар ойла ярх ша чакхе ца го бала
эзар нигат дарх ша баста ца ло бала
эзар тоба дарх ша къаста ца ло бала
суна лан а буьтуш дIадов Iаьржа гIаларт
стигланаш тIеязлуш хеза суна тIаккха
лекха лаьмнаш лахлуш хеза суна тIаккха
анайисташ гатлуш хеза суна тIаккха
дуьне зама къарлуш хеза суна тIаккха
* * *
суна ца хууш дерг хуий
зIок етташ сан дог а дуий
сан мохь а къовлий шен мIарашна юккъехь
сан илли гIотту дIо херцаршна тIера
ша тIамарх иес даккха кагбина букъ бен
сох хIума ца дуьтуш лаза я кхера
цуо овкъарш кегайо тIемашца мох бетташ
цуо лаьмнаш дегадо аьрзунан мохь бетташ
Хьайбаха Хьайбаха Хьайбаха
догуш ду адамаш хьайбанаш
догуш ду доIанаш есанаш
догуш ду сан къоман деса каш
со гIатта тохало деккъа цхьа пIендарш
со вада тохало еккъа цхьа гуолаш
вовшашна тIетеIий дIахIуьтту бердаш
гуо лоций дIахIуьтту гIалартийн кхуоларш
Шу хьенан муьлаш ду олу ас тIаккха
Ма гIерта олу ас со хьераваккха
ДIахеца олу ас вита со ваха
гIаларташ тардала дуьйлало нахах
***
ГIалартийн хьалхара гуо
( Хьайбахахь багийначийн назма )
тIапа куйнаш дайрий шуна
гуо беш салтий байрий шуна
Эхартахь бен хир дац баьхна
Къийамат-де дайрий шуна
шийла цхьамза гIортор йолуш
цIийза дIаьндарг гIиллакх долуш
некъан баккхал суьлхьа долуш
къаной гулбеш байрий шуна
когадахар лайлахь долуш
меттан даар неIалт долуш
тоьпан биргIа зизам долуш
бераш гулдеш дайрий шуна
доруш тоьгуш марчо доцуш
доккхуш доькъуш сагIа доцуш
охкуш кечдеш лахьта доцуш
синош догуш дайрий шуна
къа лерина маршо езар
пхьа лерина Дела везар
шира Нашха нохчийн безам
цIергахь ягош яйрий шуна
***
Хьалхарчу гIалартан дош
( гонна арахьара назма)
цкъа мацах
паччахьийн гIиллакхаш харцдина
кIелвисна къена да бердах ца кхуссуш
тускар чохь хьулвина и эцна
лурвоьлла леллачу кIантах тарвелла
дуьненах къаьхкина
бевзарех безарех ваьлла
хьо эцна лийли со
сан беза сан шира бала
да-нанас бераца мекарло леллол
шалхоне йирзинчу заманан гуонехь
хьан цIарца декхаро дог цхьалхадаьккхина
хеназа верас а хилла
десачу агана деллачу беран са санна
дог-ойла жималле лесташ
хьо эцна лийли со
сан беза сан шира бала
шен вешин багара вашас лан даккхал
саьхьарчу дуьненан къизачу гуонехь
рицкъанна юкъ йостуш къонахий баьржачохь
хьан берийн жимха а хилла
дицдина паргIата пхьоьхана валар
син дегIан мостагIа хилла
хьо эцна лийли со
сан беза сан шира бала
меллаша лерина лазорна кхоьруш
хIоккхузахь хьо охьабиллина
чурт санна цкъа хьуна дуьхьала хIоьттина
цкъа сайна хьо бIаьрга гина
къастадан воллу со
хьох ваьлча хIун ю и
вина мохк дайн хIусам олург
сан беза сан шира бала
***
ШозлагIчу гIалартан дош
( гуонна арахьара узам )
дихкина маршонан тIемаш
дуьненан паччахьаш гIемаш
ишта ду-кх дахар хьан бакъдерг
хьан цIарна цIе яхна бакъдерг
аьрру белш язъелла йогIу
дог уьнах тарделла догIу
багахь туй лекъначу суна
го дIавшах юьззина гIунаш
деллачу маликийн бIаьргаш
санна гуш азаллин хьаьркаш
со мича дIакхача гIерта
йохаеш гамонан керташ
да-нана доккха ца дийрриг
лулахо реза ца вийрриг
хаьржжина некъ хуьлуш хилча
со мича кхочур ву мича
анайист хьаьхначу дийнахь
дагна лош хьаьхначу дийнахь
ас мича хьо хIара бала
Дала ца базбина бала
чаьлтанчех иллеш а дохуш
кешнашкахь ирзош а дохуш
кхоьллинчу серлоно вагош
лайна ас заманан бIагор
дихкина маршонан тIемаш
дуьненан паччахьаш гIемаш
ишта ду-кх дахар хьан бакъдерг
хьан цIарна цIе яхна бакъдерг
***
ТIаьххьарчу гIалартан дош
керт йоцуш ков дина
пен боцуш тхов бина
дуьненан гIоьнжагIехь
ас хIусам кхоьллира
керча яй оьллина
коча чIиж оьллина
ойлане велира
со корта оллийна
гуттара дара сан
ков доьллий латтадеш
утарма яра сан
куьйга тхов латтабеш
тийналла яра сан
деган пхьор латтадеш
йоI-цхьалла яра сан
метта-мотт латтабеш
мостагIа вогIура
сан хIусам къастайой
доттагIа вогIура
сан хIусам хастайой
дарвелла вогIура
воьдура хьасталой
со цхьалха вуьсура
деган шад басталой
диначех ламаз сан
кхочуш ца хуьлура
кхаьбначех марха а
къобал ца хуьлура
къийлинарг кхийринарг
бала ца хуьлура
лийринарг кхийлинарг
аьтто ца хуьлура
Дала ша дебадан
кхобург сан дацара
я кхашкахь хьекъадан
дуьйриг а дацара
доьзалца тоян сан
чоьхье а яцара
нахаца тоян сан
аре а яцара
хела йоI-йиша а
йоьдуш чухIуттура
бидо воI-ваша а
вогIуш чухIуттура
олучо олура
Iуттучо Iуттура
цунах а башха со
холча ца хIуттура
генара гергара
яьIна хан терсара
дагах чекх лаьхьанех
гIайгIанаш шершара
боданехь серлонехь
бесачу кхерчара
бIаьрлагIаш гIиттаеш
сих мехаш хьерчара
тIехь дисна лаьттан бакъ
догIура тхьуьйсура
доьдура ца соцуш
ша шега луьйчуьра
дуьненан аьзнаш а
тхов кIела хуьйшура
олхазарш санна уьш
когаш тIехь тхьуьйсура
сан хьаша хуьлура
хийла ву аьлла верг
декъала хилла верг
дакъаза ваьлла верг
дихкинчу куьйгашца
дуьненчу ваьлла верг
бихкинчу когашца
некъ бина ваьлла верг
доIанаш-м дора ас
деха хьакъ воццушехь
нигаташ-м дора ас
нийса бакъ воццушехь
тIекаро ца хуьлуш
куьг куьйге кхоччушехь
сатийсам бовра сан
неIаре кхоччучохь
Элчанан шапаIат
лелачу новкъара
устазийн марзонаш
лелачу новкъара
дийцарш-м схьакхочура
цхьалхачу хIусаме
уьш довлий доьлхура
Iеса дог дузале
лаьттара гIоттучу
зуламна бIарзвелла
стиглара вуссучу
баланна къарвелла
Iуьйренна къарвелла
суьйренна къарвелла
со ишта вехира
халбатах тарвелла
амма цкъа тийналлин
раж йохош бIаьрла ган
йиш йолуш йоьссира
цхьа нуьре бIаьрлагIа
и деган дозанехь
сецира егаеш
къамеле елира
боданна эгаеш
схьавало элира
хьуна тIехь гIуда ду
дайн весет дицдина
вехаш верг къутIа ду
схьалахьо деза ахь
азаллин гIиллакхаш
схьагулдан деза ахь
хьайн дайн мел хилла каш
мохь бу ша элира
Шемера некъ бина
мох бу ша элира
Пирдовзан неI гина
хьаьрчина тIулг хуьлуш
бижа дог лехна ша
нийсонан дуй хуьлуш
биса дош лехна ша
элира ширачу
тукхамийн лар ю ша
ченан кIур хиллачу
гIаланийн гIар ю ша
тIепаза дайначу
тептарийн дош ду ша
дуьненан эхартан
юкъара бос бу ша
ворхIалгIа лаьттан бух
ша бIаьрга гина ду
элира Iаьршан бохь
ша тергалбина бу
ша бIаьрга гина ду
даьIахкийн гIаланаш
Iапказан тулгIенех
берд лоьху баланаш
азаллехь дуйна схьа
къизаллин къовкъаршлахь
даьгначу адамийн
даьIахкийн овкъаршлахь
элира ша кхерста
дезна ду балане
цунна бан бекхам бац
Махьшарехь Дала бен
ладогIал элира
дозанаш херцаш ду
паччахьех заманан
гIуданаш хьерчаш ду
халкъаша ламасташ
юха а хоьрцуш ду
адамийн дегнашка
Дала бакъ хьоьрсуш ду
гой хьуна элира
маршонан бIаьрлагIаш
лаьтта тIехь юха а
гIуьттуш ю кIарлагIаш
гIуьттуш ду дегнашкахь
дийшина хаьштигаш
гIуьттуш ду доIанех
дуьйсина маьждигаш
дуьне ду элира
къиноша даьккхина
бехк боцуш мел вийнарг
къинтIера ваьккхина
цIе йоцуш мел дайна
каш билгалдаьккхина
даьлчий бен туьйр доцуш
маьрша садаьккхина
элира бакъ ду ша
кхехьна дерг хIинцалца
нахана даима
го иза цинцашца
лаьттахь и билгалдеш
бIе эзар хилам бу
бух вешин ваша вен
бакъо ца хилар бу
элира цхьа а вац
и дагчохь къийланза
и дохош тукхамийн
хIу дайна хийлаза
и дохош пачхьалкхаш
херцаш ша гина ду
паччахьаш шайн цIийла
керчаш ша гина ду
элира заманехь
декъаза декъала
хууш я ца хууш
хьере я хьекъале
хийла тIекхийдина
бакъ ду ша дуьйцуш дерг
къизалло къийдина
бакъ ду ша дуьйцуш дерг
къизалла ю хьуна
азалла харцйинарг
элира иза ю
абаде яцйинарг
Дала ша кхоьллича
дуйна схьа адамо
мел дина дика доь
цхьана цIийн тIадамо
хьан дайшна хийла харц
кхиел еш ша гина ду
элира церан некъ
ша тергалбина бу
дуьненахь Дала и
кхоьлличахьана схьа
ког биллал меттиг яц
церан цIий Iаназа
цIармата тIемалой
ахь уьш ма ларалахь
хIора а авлия
хилла ву царалахь
элира сил дукха
уьш серло езна бу
бода ца толийта
уьш къийса дезна бу
маршонан мах бевзаш
уьш курра баьхна бу
шайх кхета ца туьгу
дуьне цецдаьхна бу
оьздалла хьекъаян
латтанаш аьхна бу
элира Iаьршашка
некъаш уьш даьхна бу
майралла яц хьуна
хьан дайша къийсинарг
ваша воь бекхам бац
цара сатийсинарг
дуьненан маршо ю
шен дуьхьа уьш эгнарг
Делан нур-нийсо ю
кошахь а уьш хьегнарг
дуьхьала мел кхеттарг
мостагIа хуьлучохь
шайн ваша мел хеттарг
боданехь туьлучохь
элира Шемера
Хьайбаха кхаччалца
седарчех эгна уьш
са-серло кхачонза
элира гIазотехь
ву хIора воьжна верг
са-оьзда хиларна
балане оьзна верг
шен деган терзанахь
цкъа дуьне оьзна верг
цуьнан мах бовзарца
Делан бакъ дезна верг
оьздаллин хIу дебо
Дала хьо кхоьллина
элира са дебо
Дала хьо кхоьллина
хьайн дайшна Дала цкъа
еллачу къайленех
хьуо ваккха гIертачийн
ахь юьхь ма кIайелахь
иманах ца вохар
Дала хьоь кхийлина
ахь иза дицдарна
ша чIогIа кхийрина
элира цкъа хIокху
Хьайбаха тIера дIа
хIуьттур ду азалле
некъ гойту зераташ
и стигла мехкан тхов
бац хьуна элира
Хьайбаха къоман чов
яц хьуна элира
дуьненан чов ю и
умматан эхь ду и
гIуданах массо а
заманна тIехь ду и
АллахIу Iалам цуо
элира тIаьххьара
лаьмнаша цуьнан аз
айдира тIаьхьара
мохь хилла къорачу
бердашца хьевзинв
мох хилла яйра и
сан дагчохь тхьевсина
со ишта Хьайбахан
кхаъ даге кхаьчна ву
дуьххьара кху метта
зерате кхаьчна ву
гучунна гуш ву со
хезаш верг везаш ву
девзинарг нахе дIа
кхачадан дезаш ву
***
Дерзоран байташ
даше мотт кхобуш сан синметтехь дижина бакъдерг
со цкъа а гина вац и хIинца санна сел эсала
цуо дуьне марздина хIора сан син-дегIан хьесана
ас хIинца дицдина цкъа а ша диц ца дан хьакъдерг
мацца а дIаваха дезар
уггаре а сийлахь дезар
со волуш хилар бен кхин хиндерг хила йиш хилча
тахана доцуш ду боцуш бу кхин цхьа а иэшам
сан са ду кху лаьттан хIора а тIулг цIуббан кийча
шенна садоьIу дIо малхо а дуьнене хьиэжар
йовхонна лерина доцуш
серлонан къайлене кхочуш
сан хьалавалар а тIемаша ойла ца ечу
хенах дIакъаьстинчу сан некъан тамаша беца
похьмалле ваьлла со хьаьркаша дола ца дечу
бIаьргаша дов дечу шаьш бацо леринчу деца
аз колладалале лерса а кхачалучу
Iожаллех коьртара чо а ца бачалучу
со санна хилла хир-кх цкъа мацахлерачу суьртехь
назманан мукъамехь тихкина ламанан тарха
лаьттан хьу евзина бегабо ялтанан буьртиг
Iаьршийн хьу евзина зIаьнарша егайо марха
Iожалле мел гIоьрти некъ беха гуш ган
яьIни тIехь къа доцчу адаман сужда
хIора сан тIамарца гIуьттуш ю абаден алу
хIора сан хоттарехь лелаш ю азаллин шело
кхин цхьа а ницкъ бац со хиллачу хьесапе вало
кхин цхьа а зовкх дац со хиллачу хьесапехь вело
кхин цхьа а гIело яц со юха карзаха ваккха
кхин цхьа а кIело яц соьгара маршо дIаяккха
наха мел кхоьллинчу харцонал тоьлла букъ берзош
ас метта буьххье сайн гулдина бIешерийн хьекъал
паргIата довлуьйтуш со вен мел лерина герзаш
ас кераюккъехь сайн гулдина дуьненан некъаш
сайна мел кечдина буржалш ас паргIата дехи
сайна мел аьхкина кешнаш ас къинтIера дехи
Шемера дуьйна ас Кавказе кхаччалца некъ беш
доIанехь массо а мотт кхачабаллаца ехначу
ас Дади-юьртара Хьайбаха кхаччалца некъ беш
къийсамехь массо а лам кхачабаллаца лехначу
маршонан суй карлабаьлла
со хIокху лакхене ваьлла
Сурт диллинарг - Пашаев Абу
|