«Духур дац, доьлхур дац, диц а дийр дац», – олу вайх дуккха а болчара, вайнах дIабохийначу дийнахь а, цул цхьа де хьалха а, цул цхьа де тIаьхьа а.
ХIун маьIна ду оцу дешнийн? Йа хIунда олу вай и дешнаш? Кхеташ олий-те вай уьш? Йа и кхо де дIадаьлча, кхин цкъа а дага ца догIуш, дицло-те вайна уьш?
ХIун лар йита еза вайн кхетамехь а, вайн дахарехь а оцу боккхачу хиламо, и бохам дагахь а болуш вай олучу дешнаша?
Суна хетарехь, оцу дешнийн маьIна вай дан гIоьртича, тIехIуьттуш йолчу халонашна а, баланашна а хьалха́ доха ца духуш, цаьрга вай дега ца дойтуш («духур дац»), гIорасиз ца хуьлуш, гIелделла юха ца довлуш («доьлхур дац»), вайн ма-хуьллу хьалхахьа дIагIерта деза вай, хIора денна бохург санна кхуьуш хила деза, цхьана меттехь ца лаьтташ, даима боламехь хуьлуш, даима хьалхахьа дIадоьлхуш, даима дикачуьнга догдохуш, даима дикачу дахаре кхача гIерташ, дуьненахь а, эхартахь а ирсе хила лууш, вайл хьалха хиллачарна тIехь хилла доллу декхар вайна тIехь а дуй хууш, тахана дийна долчу адамашна (къомана) хьалха́ вайна тIехь декхар дуй а хууш, вайн тIаьхьенашна, тIедогIу долчу чкъу́рана (цхьанна а, шинна а, кхаанна а, кхин дукха а) уггар диканиг дита гIортар вайна тIехь декхар дуй хууш («дицдийр дац»).
И декхарш кхочушдеш, дахаран массо дикчу агIонашкахь саццаза кхиамаш бохуш, тIетевжийла а, догдахар а, дехар дар а даима Делаца хуьлуьйтуш, вай схьадовлар мичара ду а хууш, вай муьлш ду а хууш, вайн дин а, вайн гIиллакх-оьздангалла а диц ца деш, вай дол-долчахь кхаа тIегIана тIехь къахьега деза вай: хIора адамо ша-шена тIехь а, тIаккха шен доьзалца а, тIаккха шен юкъараллийца (къомаца) а.
Кхиаме адам, кхиаме доьзал, кхиаме юкъаралла (къам) – и бу вайн керла, нийса кхетам, Дала мукъа лахь.
Махках бохучу хенахь зуламаш дина, нах байъина, дIабохка каш доцуш, тIехIотта барз боцуш. Некъан халонаша байъина, шелоно байъина, мацалло байъина. Iедалан къизалло байъинчу массо вайнахана а, берриге бусалба нахана а Деле гечдар доьхуш, доIа дан деза вай. Ткъа оцу доIанах а, уьш дагабаьхкича (йа коьртехь церан сурт хIоттийча), бIаьргах долучу хих а бахьана а дина, вайна юкъахь хила хьакъ боцу бекъамаш лахбан хьовса деза вай. Беллачарна доIа деш, царах къахеташ дог доьлхуш, бIаьргах хи долуш, цхьамма а къестамаш бийр бацара вай, хьенех и ву, минех важа ву, и цхьа кхиниг цхьаъа ван а вац бохуш. Вайна юкъахь тIаьхь-тIаьхьа даьржаш долу бекъаман бахьанаш мелла а жимдан гIортар, уьш листа гIортар, кхетамца-ойланца мукъана а жимма хийцадала гIортар вайн массеран а декхар ду аьлла хета суна. Ца хилча мегар болу бекъамаш тахана вайна юкъахь дукха бу. (ХIара ойла дагаеана волчу сайн доттагIчунна Iабдуррахьманна даггара баркалла олу ас).
Кегийчу нахе ала лаьа суна къаьсттина. Вайн баккхийчара, вайн къомо, вайнаха дукха даккхий баланаш лайна, халонаш лайна, зуламаш лайна. Вайна дуьйцуш бен хезна доцу хIуманаш лайна. Шелонна, гIелонна вайн адамаш делла хилча, кхидерг дийца а ца оьшу. И хIума дицдан мегар дац. И хIума дагахь латто деза шаьш баккхийчаьрца юкъаметтиг лелош, шаьш цаьрга а, церан таханлерачу хьоле а, дахаре а хьовсуш, царах лаьцна шаьш шайн кхетам кхуллуш. Къомах къахетар, нахаца къинхетаме хилар, царах дIа ца къестар, царах къехка ца къехкар, церан кхиар таханлера шун кхиар санна ца хиллий хаар, церан зама вайн зама санна ца хиллий хаар. Нагахь санна шуна юкъара жимма а баккхий болчарна дагада́гIахь а (хетахь а), тIеман къизаллехь кхиъна ду тхо аьлла, хаалаш, цара лайнарг масийттазза сов ду шуна: цара лайна махках дахаран бала а, советан Iедалан къизаллин бала а, дуьххьарлерачу тIеман бала а, шолгIачу тIеман бала а, оцу массо хIуманна юкъахь шу могуш-маьрша кхио гIертаран бала а.
Тахана кегийчу нахана а, баккхийчарна а юкъара зIе хаьдда ю, йа вуно чIогIа малъелла ю. Иза къомана зене ду. Вайна юкъара бекъаман агIонех йоккха цхьа агIо а ю иза. Кегийнах, баккхийчара хIун олу-те хьожуш, ладугIуш бац; баккхийнаш-м, шаьш хIун дийр ду ца хууш, хьерехилла, хIокху тIаьххьарчу масех итт шарахь хиллачу сингаттамаша дукха чIогIа Iовжийна бу. Жоьпалла цундела кегийчарна тIехь ду аьлла хета суна, шайн ойла самаяккха а, баккхийчаьрца хаьдда йолу зIе меттахIотто а, дахарехь зеделлачух пайдаэца а, иза шайн таханлерачуьнца дуста а, кхидIа шайн дахаре болчу хьежамашкахь, кхиамашкахь тидаме лаца а.
Арнольд Тойнби цIе йолуш ингалс махкахь цхьа Iилманча хилла дIадаханчу бIешарахь (1889-1975). Шовзткъа (40) шарахь гергга къахьегна цо «Истори Iамор» цIе йолу жайна яздеш. Оцу жайни тIехь, цивилизациш кхиаран бахьана, йа цуьнан «закон» дуьйцу цо. Арахьарчу халонан кхайкхамна дала ма-дезза адамаша нийса жоп лахь, оцу халоно уьш цивилизацин тIегIанна тIе доху, цаьрга цивилизаци кхуллуьйту, боху цо, вай цуьнан доцца маьIна дича. Цаьрга и жоп ца далалахь, йа цара иза, шайн аьтту боллушехь, шайн лаамца ца лахь, кхиаран метана, гIелло уьш, йа шаьш ма-барра буьсу уьш, боху цо.
Вайн дай-наной шаьш махках баьхначу хенахь, оцу баланан-халонан эрчонна хьалха боха ца бухуш, юха ца бовлуш, шайн ма-хуьллу дахарх тассабелла, дагчуьра Делаца йолу ойла дIа ца йолуьйтуш, ламаз ца дуьтуш, марха кхабар ца дуьтуш, шайн хаза гIиллакхаш ца дуьтуш, хала дара аьлла оьздангаллех ца бухуш, чекхбевлла. Оцу халонан кхайкхамна дала ма-дезза жоп делла цара, цундела уьш Дала бисийтина, хIаллакьхилла дIа ца бовлийтина, цхьадолу кегий къаьмнаш санна.
Ткъа вай тахана а царах масал эца деза. Вай доха ца деза, делха ца деза, царна хилларг а, цара динарг а дицдан ца деза. Царах масал оьцуш, вайна хьалха лаьттачу заманан халонийн кхайкхамна дала ма-дезза жоп дала деза вай, лакхарчу тIегIана тIе довлархьама. Церан цу хенахь хилла боцу дукха баккхий аьттонаш бу вайн тахана. Наха дийр дара иза-м, кхечо дийр дара иза-м, Iедало дийр дара иза-м ца бохуш, «кхиаме адам» хила гIорта веза хIора а – стаг а, зуда а; «кхиаме доьзал» хилийта гIорта деза да-нана а, бераш а.
Дуьххьара охьаязйинчу ойланехь элира вай, саццаза хьалхахьа дIадоьлхуш хила деза, даима кхуьуш хила деза, хIора дийнахь дикчу агIор хийцалуш хила деза вай аьлла. Оцу тIехь вай уггар хьалха тидам тIебахийта беза хIума шиъ ду аьлла хета суна: Iилма Iамор а (дуьненна а, эхартана а пайде долу хаарш гулдар), вай вешан синош цIандар тIехь къахьегар а.
Амма вай ве́шан синош цIандарехь къахьегарх лаьцна аьлча.. Мел дукха Iилма хиларх, оцу Iилманца кхоччуш пайда балур бац, дагчохь куралла йитахь. Йа хьагI йолчуьнга, йа цхьа кхидолу доккха сакхт долчуьнга кхочуш ялур яц и цIена Iалашо. Пайда бийр бац, мелхо а зен дийр ду. Цундела, синош цIандар тIехь, догцIена хилар тIехь Iилманан беркатца къахьега деза вай. ХьагI лелорах, вовшашна хьалха дозаллаш дарх, кураллаш йарх, оьгIазлонаш-цабезамаш лелорх, массо хIума шена цхьанна хилийта гIертарх цIандала деза вай.
Доцца аьлча, «ас-со» бохучу кураллина тIехь толам баккха беза вай. Оцу даккхийчу сакхтийн меттана вайна оьшург – эсала хилар, кIеда-мерза хилар, къахеташ хилар, къинхетаме хилар ду. Шениг тIаьхьа а теттина, массарна а юкъара дерг хьалхадаккхар – Дела реза волу дика амал ю.
Оцу халчу Сибрех болуш вайн дай-наной, вайн баккхийнаш, вайнах иштта чекхбевлла, шайгахь дерг вовшашца доькъуш, вовшийн бала кхочуш, вовшашка хьовсуш, хьагI-гамо боху хIума аьттехьа доцуш.
«Кхиаме адам», «кхиаме доьзал», «кхиаме юкъаралла (къам)» бохучунна юкъадогIуш ду и ши хIума – Iилма а, догцIеналла а. Алсам тидам тIебахийта дезарг и ши хIума ду аьлла хеташ хиларна, къаьсттина хьахийна вай и шиъ.
Далла хастам бо вай, вай бусалба хилийтарна а, массо хIуманан ойла ян а, кхета а, Iамо а Цо вайна хьекъал даларна а.
Дала Шен къинхетамах ма дохийла вай цкъа а.
«Бакъдолуш, АллахIа цхьана нахера хьал ца хуьйцу, цара шаьш шайгахь дерг хийццалц (уьш шаьш хийцабаллалц)». Сурат «Ар-РаIд», 11 айат.
25.02.2013
dinulislam.org