Памяти жертв депортации чеченцев и ингушей в 1944 году
Регистрация | Вход
Главная » Фотоальбом » Фотографии » Гена аренгахь. Гацаев Саь1ид.

Гена аренгахь. Гацаев Саь1ид.

Гацаев Саь1ид
* * * *
Хийла нохчийн кIант
Гена аренгахь
Iилла вити ахь,
Маьлхан кIайн дуьне.
Хийла нохчийн йоI
Латта гIевленгахь
ДIайижий-кха ахь,
Маьлхан кIайн дуьне.
Гена аренгахь,
Латта гIевленгахь,
Маьлхан кIайн дуьне.

Уьш шайн дахаро
Мичахь хьистина,
Ала, дийца ахь,
Маьлхан кIайн дуьне.
Къаьхьа дарий уьш
Дарцо цистина.
Диц ма делахь и,
Маьлхан кIайн дуьне.
Уьш ца хьистина,
Дарцо цистина,
Маьлхан кIайн дуьне.

Церан безамаш
Лаьтто хуьйдина.
Хаьий хьуна и,
Маьлхан кIайн дуьне?
Церан марзонаш
Воно хедийна.
Хаьий хьуна и,
Маьлхан кIайн дуьне?
Вуоно хедийна,
Лаьтто хуьйдина,
Маьлхан кIайн дуьне.

Уьш шайн дахаро
Мичахь хьистина,
Мичахь хьистина,
Маьлхан кIайн дуьне!
Къаьхьчу дарцо уьш
Дера цистина,
Дера цистина,
Маьлхан кIайн дуьне.
Уьш ца хьистина,
Дера цистина,
Маьлхан кIайн дуьне.

Сурт диллинарг - Руслан Хасханов
В реальном размере 526x518 / 94.3Kb
2235 0

Добавлено 04.03.2015 isa-muslim

Всего комментариев: 0
Имя *:
Email *:
Введите код из картинки *:


Карта посещаемости сайта:

Регистрация Вход