Памяти жертв депортации чеченцев и ингушей в 1944 году
Регистрация | Вход
Главная » Все материалы » Истории и судьбы

АШ ХАДОР БАРА ТХАН НАНОЙН Б1АЬРХИН МАХ?

(1944-1957 –чу шерашкахь Казахстанан а, ГIиргIизойн а мехкашкахь каш долуш я доцуш бисинчу а, цIабаьхкинчу а дайшна, наношна)
«ЙоI, хьо а ма-яра пачхьалкхан балхахь, тхо Сибрех дахийтаран бехк тIелоцуш, тхуна 10 бIе туьманаш дала сацам хилла бохуш ма дуьйцу. Хьуна хезна, хууш хIумма а дуй цунах оцу гIалахь дуьйцуш?»,– хаьттира нанас суьйранна балхара чукхаьчначу йоIе.
«Бехк тIелаьцний кхара? И 10 бIе туьма-м цара ца лахь а, ас лур ду-кх хьуна. Са ма гатдехьа оцу 10 бIе туьманна»,– аьлла нанна хьастаелира йоI, ненан ойла мича кхаьчна йоьду шена гуш.
Сибрех хьахийча вирд доккхуш буйнахь куьйлу суьлхьанаш совцийна, бIаьргех охьахьаьлхина хиш дIадаха сихъелла киснара йовлакх схьадаьккхира нанас.
Нана яц хIинца. Амма хIора Делан Iуьйре цунна тIера йолало йоьIан. Нана дIаяхна, амма йоьIан дагалецамашкахь боьлху ненан дагалецамаш…Итт бIе туьма…
Ванах, ван мукъане а мила вара хьо, нохчийн нанойн бIаьрхин I0 бIе тума мах хадийнарг? Хьо хьакъ вацара и мах хIотто а я бала! Нийса ца леринера ахь! Хьуна дола хеттера тхан нанойн хIаллакхиллачу бераллахий, дай-наноша текхначу цамгареххий, цаьрга дIакхиссийтинчу хIусамеххий, йитийтинчу юьртахий, дицдайтинчу кешнеххий, мацалла са ца тохалуш, Казахстанан а, ГIиргIизойн а аренашкахь, кIен буьртигашлоьхушговрийн а,бежанийн а кхеллеш кегош сийза яйтинчу нохчаллахий богIу мах чулара. Уьш дерриг а вовшах а тохий, доьдоцуш, некъан бохалла беллачу тхан дехойх, ненахойх, тхан дайшца мерза шун декъна, амма шайна мацаллина дан амал ца хилла беллачу лулахойх догIург тIе а ларий, алалаш тхоьга тхан нанойн бIаьрхих дала шайгара хIун догIура ? 10 бIе туьма…Тхан наношна шаьш къизалла лайначу, шайн берийн даьIахкаш йисинчу махка хьажахIотта баха некъан мах а ца кхочу цунах.
Тхан нанойн бIаьрхин мах лаьттах лелачара хадо бисна бац. Мах хадош а, луш верг а АллахI ву.
Вайн миска баккхий нах… Уьш-м дIабовлуш лаьтта. ГIалахь-м хIун дара, ярташкахь а хьогаме хета, оьзда, хаза, куц долу йоккха стаг я воккха стаг гар а. Воккханиг дIаволу ша вуьжуш Iийначу гIайби бухахь дукха лерина хьарчийна пенсех йисина соьмаш юьтий. Дерриг а дуьсур иштта. Церан лазамаш, кхочуш ца хилла сатийсамаш санна. 13 шо…13 шийла Iа, 13 меца аьхке…

З. Эльдерханова

  - 

Категория: Истории и судьбы | Добавил: isa-muslim
Просмотров: 1500 | Загрузок: 0
Всего комментариев: 0
Имя *:
Email *:
Введите код из картинки *:


Предлагаем вашему вниманию:

  • С собой в могилу унесу. .. бусы … и как пела в то утро Дашо. Марет Эльдиева.
  • ВОСПОМИНАНИЯ ХАДЖИБИКАРА АРАПИЕВА
  • Старый ингуш плачет - Казашка нас спасла в депортацию
  • Амин Довтукаев.
  • Есть черный день у моего народа...
  • Я четыре кружки зерна принесла
  • Наги Шеймазанов о своём сотруднике Лаврентии Берия.
  • ХАЙБАХ – СИМВОЛ ТРАГЕДИИ ЧЕЧЕНСКОГО НАРОДА (февраль 1944г.)
  • СЛЕДСТВИЕ ПРОДОЛЖАЕТСЯ И Я СВИДЕТЕЛЬСТВУЮ…
  • Нежданное возвращение домой.

  • Карта посещаемости сайта:

    Регистрация Вход