КЪЕЖЪЕЛЛА ОЙЛАНАШ,
ДУТКЪДЕЛЛА СИНОШ
ХІора шеран февраль баттахь а, и бутт гергакхаьчча а юх-юха карладуьйлуш, хІора шарахь керл-керла бакъдерш тІе а кхеташ схьадогІуш ду кхузткъе итт шо хьалха вайн къам махках доккхуш вайн дайшна-наношна гина Іазап. Бераллехь баккхийчийн къамелашка ладоьгІуш башха чевне а ца лорура и – хьажахьа, яа хІума йоцуш, шелоно а, мацалло а гІелбина хилла-кх уьш олий хетара, тІаккха вуззалц хІума а йиина, бовхачу метта хьала а ваьлла дІавижча дицлора… Дуккха а баларш а хуьлура, нах дІабохка а ца ларадора аьлча а тамашийна хетара, тхан бераллин шераш чулаьцначу оцу боццачу муьрехь хІинца санна дукха ца хуьлура тезеташ, я башха тидам ца бо дела хетара а хаац… Амма кху тІаьхьарчу шерашкахь гинчу тІеман халонаша а, лайначу баланаша а кхин а тІе карладохуш, кІаргдеш, гергадалийна вайна и денош…
ХІинца кхечу кепара го, лергашна хезна ца Іаш, сица хаало цу Іаьржачу баланийн хьу…
Кхойтта шо зама… беха некъ…
И шераш-м дуккха а беттанех лаьттий, беттанаш – денойх, ткъа некъаш – чаккхармех…
Оцу дуккха а долчу деношца, бехачу некъаца мел йиш йоьхна, декъаза ойланаш йина хир ю, мел баланаш листина хир бу церан коьрте… Стенга? ХІунда? Йист ян а юй те кху некъан? Нагахь и йист елахь а, мичахь? ХІун хьоьху те кху некъо а, кханалерчу дийно а? Кхин цхьана дийнахь сатоьхча, кхин цхьана сохьтехь собар тоьъча… йохьах ца доха, доьналлех ца хада… Цхьа йист йоцуш хІума хила йиш ма яц… цхьа чаккхе йоцуш некъ а ма бац…
Вовшийн бІаьра хьовса а ца баьхьаш… вовшийн бІаьргашкахь цатешам, дохар гарна кхоьруш… тІаккха и дохар шайга а кхачарна кхоьруш…стешхалло доьналлина тІехь толам баьккхича шаьш хІаллакьхиларна а кхоьруш…
ХІан-хІа, мацалла, шелонна, гІелонна шаьш хІаллакьхиларна кхийрина а хир бац уьш, уггар боккха кхерам, шайн бакъ юьхь ларъян ницкъ цакхачар хилла хир бу церан… Ерриг ойла цунна тІеерзийна а хир ю…
Мичча дигахь а Дела воцчу ца дуьгу вай, вайн эвлаяаш а, устазаш а хьийзийна, махках а баьхна, Дала Шена дукха дезначу халкъана и зен баланаш лур бу аьлла ду, вайн къам Далла дукха дезаран билгало ю вайна тІехІиттина халонаш а бохуш, ойла Далла гергахь латтош, цунах шайна маслаІат дина, шайн дайн синош холчу ца хІитто, царна хьалха юьхькІайн хІитта нигаташ деш гулдина цара шайн собар…Цо царна гІо а дина… Эзарнех зерех, халонех чекхдаьлла вайн къам шен амалх ца духуш. Хилла гергарлонаш чІагІлуш, керланаш дузуш, уьйр-марзонаш ца хедаш цІа бирзина вайн дай цигара.. Ца бирзина кхолламо хьистина-м…вовшашка болчу лерамо, безамо хене баьхна-кх… таханлерчу дийне схьакхачийна-кх…
Петирова Петимат Помним. Депортация и возвращение
7 Февраль 2014 г. ·
|