Тхан деда 1абдулкъедарг1еран Тасин Ахьмад цкъа-шозза ша кулак ву аьлла вохийна хиларх терра, вайн къам махках даккхале, жимма цу хьокъехь хабар ма-хеззинехь, шен да мел волу х1ума д1а а йоьхкина, Сибрехахь пайденна хин йолу х1уманаш кечйина, цхьа бутт хьалха дуьйна кийча хилла - массара х1окхо лелориг беламе а доккхуш.
Цу бахьанехь шен доьзал депортацин йуьхьанцарчу шелонех, мацаллех хьалхабаккха аьтто а хилла цуьнан, шена гонахьарчу нахана некъахь а, д1акхаьчча а г1о дан таро а хилла, нехан г1уллакхашка хьажа ницкъ а ларбелла.
Амма и таро хиларна х1аллак а хилла, ма-дарра аьлча тешнабехк бина!
Цхьамма вайнехачо: « Ша искладе/туькана балха х1отта воллура , х1оьттича вайнахана бан аьтто хир бара, ахь жимма шай-кай йелча- ас кеста йолчу заманахь йуха а хуьлуьйтур дара хьуна», - аьлла дехна. Делла Тасин Ахьмада цуьнга ахча. Вукхунна г1уллакх а хилла, онда а ваьлла. Тхан дедас х1инца хьайга делла ахча схьало аьлча, кхана лур ду аьлла вукхо. Цу буса йамартхочо туькана чуьра сурсаташ лачкъа а дина, тхевнан цхьана дукхох ц1е а тесна, бехк тхан деден бу аьлла донос йазйина. Шолг1ачу дийнахь НКВД а йеана д1авигна тхан деда а, воккхахволу деваша а Им-1ела - 13 шо. Тхан деда, г1уллакх суьде а ца доккхуш, йиттина вийна, ткъа девешина «по малолетке» 3 шо хан тоьхна набахте хьажийна.
Тхан ден цу хенахь диъ шо бен ца хилла. Шен да дага а ца вог1ура цунна. Цхьамма-цхьамма шен ден васт, цуьнан амал, цуьнах лаьцна дийцарш дийцича цаьрца йуххера гергарло леладора.
Дала декъалбойла уьш!
Дала декъалдойла НОХЧИЙН КЪАМ!
Адам Абдулкадыров
23 февраля, 2021
#нохчий #Сибрехахь
|