Къу-берзан буьйса ю тховса ерг. Шамсадов Муса.
Шамсадов Муса
************
Къу-берзан буьйса ю тховса ерг.
Дарц хьоькху б1аьргаш чу ло детташ,
Дуьненан лазамо ов детта.
Ма ч1ог1а 1аь1на-кха баланаш.
Херца вайн оьздаллин г1аланаш.
Адамийн синошна ша бина,
Адамаш къизалло б1арздина.
Гуо бина бодано, са лаьцна,
Хьегамо вайн дегнаш д1алаьцна.
1ехийна дуьненан бахамо,
Тилийна хьеречу дахаро,
Дицдина сийлахьниг, дезаниг,
Ворх1ий дайн дегнашкахь лезнадерг,
Деха вай кхерамо г1елдина,
Б1аьргаш а кевнаш а къевлина,
Дикане, серлоне сатесна,
Лаьмнаш а б1аьвнаш а д1атесна.
Цхьацца вуьйш дойуш ду денна вай.
Иштта 1ахь г1ур дац д1а гена вай.
Стаг маьрша вацахь – и дахар дац.
Х1ун до вай безамах, бахамах,
Герз делахь т1елаьцна некха т1е?
Гур боьг1на цхьаъ велахь некъа т1ехь?
/ сурт диллинарг Юшаев Замир ву /