Памяти жертв депортации чеченцев и ингушей в 1944 году
Регистрация | Вход
Главная » Все материалы » Истории и судьбы

Зударийн кхолламаш. Ану. САРАЛИЕВА Табарик.

Советан Iедал тIедеача, мелла а йоза-дешар хууш волу Харачуьра Iазиз Соьлжа ГIалара рабфак чекхъяьккхина, Веданахь суьдхо вара. 

Цу заманан къонахаша лелош йолу шиветан галпеш йолу хечий, китель юхий, басца цаьрца йогIулаба йолу хурашка а туьллий, эпсарийн тIаьрсикан шуьйрачу доьхкар тIе тесна, хаьн тIехь сецош тапча а йолуш, дуьрстанца говран юьхь лоций, шайн юьртарчу «ЙоьIан кIажар» шовдане гулбеллачарна тIевогIура иза.

Юьртарчу шен нийсархошка салам-маршалла  хоттий, наштаран а, цIестан а чамеш карахь ловзош лаьттачу мехкаршна тIехула бIаьрг кхарстабой, шен расхачу говран хьаж тIера кIайн тIеда къайла боккхуш охьашершина кхес, дайн куьг хьокхуш дIайоккхий, и хьостий,  гIиллакхах ца воххал соций, Ведана боьду некъ юьхьарлоцура цо. Дикка дIанехьа валлалц говра ца хууш, некъаца хьалавоьдучу Iазизна тIаьхьахьоьжура лаьттарш.

Товш вара кIант а, хьаьжа юккъехь а, тIехьарчу цхьана кога тIехь а кIайн цIет долу цуьнан говр а. Вовшашка ца дийцахь а, хууш дара, Iазизан юьртахь тIехьийзаш йоI цахилар. Ишттачу кIентан хила хьакъ яра шен юьртара йоI,кIайлаха цуьнга  ойла кхобурш а хирг хир бара. Амма кIентан дIавахаро гойтура,  цуьнан ойла  кхечанхьа  латтар. Говран бергийн  «цIок» саццалц, цунна тIаьхьабогIабелла кегийрхой, юха а шайн цхьацца забарш ян буьйлалора.

 Ша ца гучу ваьлча, говре юм йойтура кIанта. Суьйре маьркIажан чорда маша боьзна ялале дIакхиа везара. Хада йоллуш гIодаюкъ йолуш, хьийзинчу Iаьржачу месийн ши чIаба, кIудал белша тIейилла йоI охьакхевдича лаьттаххьакхалуш,  юккъерчу дегIахь йолчу  ЦIе-Веданарчу  Анун йийсарехь яра кIентан дог-ойла.  Кхечанхьа йолчул а, цигахь  лекха а, сийна а хетачу стиглан а, геннарчу арц лакхенехь  лестачу баьццарчу бецан соьналлин а  басахь лепачу йоьIан бIаьргийн айманна чувоьжна,  мел тасавелча а хьала ца валалуш,  виснера кIант. Ануна ма-лаъара а, шен дагна ма-хеттара а ца нислуш, хи йисте кхача хьевелча, сатийсаман хьежаро собар кхаччош йолчу йоьIанхьажар шийла хеттачу кIентан даго дукха йорт еттара юха кханенан суьйре кхаччалц.

1937-чу шарахь вовшахкхийтира Iазиз а, Ану а. Нохчийчохь хьовха, ерриге СССР пачхьалкхехь дехачу халкъашна луьра еана зама яра иза. Шаьлтан ирачу диттан йистехула вала санна, хала дара мотт-эладитнах а, «халкъан мостагI» бохучу цIарах а ларвала.

Ира хьекъал долуш, пачхьалкхехь дIахьочу политикех  дика кхеташ  волу Iазиз, оцу хенахь ларвелира набахтех. Кхиа болабелира доьзал. Церан бераллех а, царах шайх а марзо эца кхиале,  6 шо кхаьчна Саламбек а, 4 шо кхаьчна Асламбек а, 2 шо долу Асет а йолуш,  1944-чу шеран 23-чу февралехь  махкахбехира хIорш.

Луьрачу некъан къизаллех бевлла, Малхбален Казахстанан Семипалатински областерчу Кананерка эвлан йистехь, дIатесначу  божли чу хIорш охьабиссийна, юьрта дIаяхара стерчий доьжна салазаш. Сахиллалц, бIаьрга Iоьттича пIелг ца гучу божли чохь, вовшийн садоьIуш хезаш, лаьтта тесначу ча тIехь Iихкира. Сахиллалц, мацаллина угIу берзалой хьийзира кхеран отонна гонаха. ШолгIачу Iуьйранна, юьрта ваханчу Iазиза, юучунна а, ягочунна а гIайгIа бира.

Оьрсийн мотт хаарна, балха хIотта аьтто хилира.  Дукха хан ялале кхин а стамбелира доьзал,  кIант Зайналбек тIекхийтира. Кхолладеллачу хьолан нийса жамI дан хааро а, дагахь дерг хьекъало хьоьхучух сов ца далийта ницкъ кхачаро а, вуочух ларвеш цхьавогIу Iазиз лар ца велира Казахстанерчу комендантах. Иза а, хIорш санна, бахарх бохийна схьахьовсийначу немцойх вара. Бакъду, шен куьйга кIел долу адам акхаройл башха хеташ вацара.

12 шо хан тоьхна Iазиз набахте хьажийра. Тоххара, ЦIе-Веданахь Iазизна евзаш ма-хиллара, эгIазчу дегIахь йолу Ану гIорасиз хетара, цуьнан ницкъ кхочур бац доьзал хене баха аьлла, ойла кхоллалора.  Амма сарралц кан лахьочохь, кIа оручохь, я кхечанхьа, колхозехь «трудоденош» дахархьама бан безачу белхашкара цIа йогIу Ану, мелла а, тоьлла хуьлура. ТIеттIаийзийначу тIелхигийн киснаш чохь хуьлура бераш мацаллех доху кIан, берцан буьртигаш  я картолийн хIоънаш.

Юьртарчу берашца уьйраш теснера воккхахволчу шина кIанта, ишколерчу дешарца а дика ларалора и шиъ. Жимаха долу йиша-ваша Iалашдарца а, шайга далучух гIо-накъосталла дарца а шайн ненан дог оьцура цушимма. Еха йоцчу аьхка-гурахь  луларчу хьуьнхара акха стоьмаш лехьабора, уьш бакъабой, Iаьнна дIабохкура.

ДIанехьарчу дакхан хьуьн чохь а гIуллакхаш хуьлура берийн, муьйлура кIайчу дакхан мутт, иза уггаре а мерзачу хIуманех  лур доцуш чомехь хуьлура.  Цуьнга  марзбелла Анун доьзалш, цхьа а сиркхонаш ца лехьош, кхуьуш бара. Ткъа дакхан муттаца корта буьлучу Асетан месаш цхьа шатайпа бос лепаш а, мацах ЦIе-Веданарчу лаьмнийн шовданашца корта буьлуш хиллачу ненан месех тера, юькъачу чIабанах юьйцина яра. Дагахь доцуш, кехат деара Iазизера. ТIейолчу хенахь иза хIинцца чуван везачу ойланца бехира хIорш. Массо а кехат тIехь дас дешар далхадора. Иштта а дешарна тIера долчу берийн кхиамаша йоккхаейора нана.

ТIекхечира Саламбека юьртара юккъера ишкол чекхъяьккхина, дерриш а «5» долуш экзаменаш дIаелла де. Колхозан «пирсидателан» кIантаца цхьаьна Барнаулерчу юьртабахаман институте инженерно-механикин факультете  деша ваха лаьара Саламбекана. Мел ойла йича а, кIант деша вахийта аьтто бацара ненан. Некъана дала шай а дацара.

Бакъду, олуш ма-хиллара, ирс хилира – ирс дарца: кхетта белира кхеран цхьаъ бен боцу етт. Цунна тIера схьадаьккхина неI, районерчу «заготскоте» дIалур долуш, цунах деллачу ахчанах некъана мадар йийр йолуш, таро йира кхара. Кха тIерачу картолех  ах сов дер долуш гали дуьзна, царна тIехула можа стоммачу кехата юккъе хьарчийна, шен цхьаъ бен йоцчу кIайчу кисин меттан шаршух кIантана тегна ши коч а йиллина, мохь кечбира нанас. 

Букъ тIе диллина и гали а долуш, каралаьцна аьчкан сарагца къевлина, даш санна деза бежанан неI долуш,  новкъа велира Саламбек. Иртыш хи тIехула лелачу бурамца ваха дезара кIентан. ГIаш боьлху хIорш дIакхаьчча, председателан кIант новкъа ваккха баьхкина дукха «замой» бара хикеманийн йистедогIийлахь. Кхарах «доглозурш» а нисбелира царна юккъехь.  «Аня, «спецпереселенец» ма ву хьан кIант, эрна къа хIунда хьоьгу аш?» – ца кхетара уьш. Эвхьаза ца яла а, оцу дешнаша шена йина чов ца гайта а цергашца балда къевлира Анус. Делан (С.Т.) диканах а, шен кIентан хаарех а тешаш йолчу нанас дийхира  Саламбеке, хьо деша чекхвалахь,  мухха а цхьа хаам белахь суна, аьлла.                                                                                           

ДIадевлира хьежаман денош. Юьртахь эккха доллуш лелаш эладита дара. Цуьнга ладоьгIча хуьлура, председателан кIант деша чекхваьлла, Ануниг ца ваьлла. Ненан даго вуониг ца хьоьхура, амма шен дагара цхьаьнгга а ца хоуьйтуш, Деле (С.Т.) диканиг доьхуш яра Ану. Ши кIант цIа ван везара, тIаккха къаьстар дара бакъ-харц.  ТIекхечира бурам догIу де.  Юха а гIаш йоьду Ану а, кхуьнца шолгIа кIант  Асламбек а дIакхаьчча, эшарш лоькхуш, хелхарш   деш, дукхе-дукха кечбелла, тайп-тайпанчу ленташца говран кхес а, гIомат а кечйинчу пайтонна тIехь дуьхьал баьхкинера  председателан кIантана. Анун дог меттахь дацара, са а когийн кIажошна чудоьжна дара.

БIешерашкахь ша ма-эххара, бендацараллица,  бердашца тулгIеш ловзош догIучу Иртыше  хьоьжжучохь севццера  цуьнан бIаьргаш. Геннарчу геналлех чекххьажа гIерташ санна, бIаьрнегIар ца тухуш  тергалйора Анус хинан  анайист а. Схьахетарехь, кхин детта са дац, аьлла, кхунна хеттачу минотехь, гучубелира бурамо  тесна Iаьржа кIур. Кийрара схьаэккха доллуш детталора ненан дог.

Цкъа сирникийн баттал, тIаккха жим-жима доккхахуьлуш, гучуделира бурам. Ша схьакхочуш хиларан билгалонна бехха мохь баийтира цо. Гулбеллачеран хазахетаран гIовгIанаш а, синкъераме аьзнаш а девлира. Даге ши куьг лаьцна, балдашца Деле (С.Т.) къинхетам боьхуш, бурам тIера бIаьрг ца боккхуш, цу тIера цхьаъ ган гIерташ, когийн буьхьигаш тIехIуьттура Ану. Оцу минотана гонахара аьзнаш дукъдеш, сийначу стигалан Iаьрчашка кхочуш, Иртышан бердашца даьржаш, «А-а-а-н-у-у-у-а-а!» аз деара берда йисте.

Цхьана минотана лацаделира адам. ДIахьаьжча, кIай доцуш, доьхна аьчка ведар гира Ануна. Цунна тIе пIелг хьажийна: «Асламбек, дIатохал вота!» –  мохь туьйхира цо. Нанас и аларе сатуьйсуш Iаш волуш санна, ша цкъа а ца тоьхна вота туьйхира кIанта. Мацаха, ЦIе-Веданахь, доккхачу ловзаргахь, шега къайллах бIаьргбеттачу Iазизна хазъялархьама, ша ма-яллара, боккха гуо тосуш, байн ког шаршош, леккха айбина корта а, цуьнга нисса айдина куьйгаш а хьийзош,  хелхаелира Ану.

Кечбелла баьхкина кхуьнан юьртахой, кхуо лелочух ца кхеташ, цецбевлла хьуьйсура, ткъа  ленташца кхес къагийначу говро, цхьана минотана, шена реза хиларца корта охьатаIийча санна, хийтира Ануна. Саламбекан аз девзина  нана кхийтира,  кIант институтера дешна ваьллий.  Ткъа хIара хелхар, мацаха  Iазизна леринарг санна, доггаха  дара. Иза йоккхаера, шен бераш цхьа а ца къаьсташ, могаш-маьрша долуш,  «пирсидателан» кIант воьдучу деша баха хьекъал а, кхетам а болуш кхиарна, уьш иштта кхион шен хьуьнар тоарна.

Цхьана Анун хелхар хилла Iаш дацара Иртышан берда йистехь нохчийн зудчо дийриг. Иза синкъерам совбаьлла, букме хьийзо, хьере хелхар дацара. Елакъажар  а экаме долчу нохчийн зудчун,  халонийн мохьан бозаллина  куьйгаш тесна, яларна гор хIоьттича а, бераш кхион дезачу декхарх цаяларна, къизачу дахаран новкъахь толам баккхаран хелхар дара.

Сибрехах чекхъяьллачу, доьналлин, яхьан, къоман гIиллакх-оьздангаллин ламастийн хоршахь шайн доьзал кхиийначу  массо а нохчийн зудчун, нохчийн ненан кIорггерчу безаман, кхузарчу нахана мах хадо хуур доцу, йоккхаеран  хелхар  дара.       

Ши кIант схьакхаьчча, массарна а хиира, председателан кIанте экзамен дIа ца ялаелла хилар. Ткъа Саламбека математикин экзамен дIалуш далийначу шен тоьшаллех цецбевллачу  тIеэцаран комиссин векалша цхьабарт болуш дIаэцнера «спецпереселенец» нохчийн кIант.                                                                             

Дешна ваьлла цIавеаначу Саламбека Нохчийчоь юхаметтахIоттийначул тIаьхьа, шен республикан юьртан бахаман декъехь дуккха а шерашкахь къахьийгира  совхозашкахь инженеран а, директоран а, «Госагропроман» коьрта говзанчин а даржашкахь. Цул жимахчу Асламбека чекхъяьккхира Ростовера автодорожни институт. Ищерерчу ДРСУ-н хьаькам лаьттира иза а.  Зайналбека чекхъяьккхира Кемеровера Горный институт, вайн республикехь лаьмнийн ярташка ток ялош, инженеран белхаш бина цо а.                                  

ЙоIа Асета дийшира Нохч-ГIалгIайн хьехархойн институтехь. Республикан ишколашкахь а, институтехь а хьехархочун белхаш бина цо. «Республикан хьакъйолу хьехархо» аьлла,  сийлаллин цIе а елла цунна. 1958-чу шеран аьхка Соьлжа-ГIалин йистерчу Мичурин поселкера меттиг эцна, цIабирзира Анун доьзал. Реабилитацина юкъавахана цIа веара Iазиз а. Вайн махкахь мелла а паргIат еанчу заманчохь баха а, шайн доьзалх ирсъэца а цхьа кIеззиг хан тоьира цушинна.                                                                                                                    

Р. S. Вай даима а дозалла дан догIу луьрачу Сибрехахь шайн доьзал хене баха а, царах шайна а, юкъараллина а пайдехь адамаш кхион а хьуьнар хиллачу нохчийн зударех. Уьш цIершца бийца дуккха а хир бара. Цундела ца яьккхина ас сайн турпалхочун Анун фамили а. Оьшучунна йолуш ю иза а. Кхин дIадерг хилларг а, лелларг а ду.

      

САРАЛИЕВА Табарик.                                                                                                            
Суьрта тIехь: Ану а, цуьнан доьзал а Казахстанехь.

Газета «Даймохк» №108.


  - 

Категория: Истории и судьбы | Добавил: isa-muslim
Просмотров: 2444 | Загрузок: 0
Всего комментариев: 0
Имя *:
Email *:
Введите код из картинки *:


Предлагаем вашему вниманию:

  • Путешествие из Казахстана на Кавказ. Замбек Залзаев
  • Ахмад Магомадов(на фото). ОТОРВАННЫЙ ОТ СЕМЬИ. Исмаил КУРБАХАЖИЕВ.
  • Якуб (Магомед) Зелимханов из Алхан-Юрта
  • Айна Акуева. Они весь день держали нас на земле под дождем...
  • Новый состав районов Чечено-Ингушской АССР
  • Село Цикарой и его сожженные жители. Mairbek Tzikaro.
  • Архивный вестник. №4 2016 года.
  • Фотографии Абдуллаха Берсаева посвященные к 23 февралю, 2014 г.
  • Встреча с Мурадовым Мохьмадом
  • Абуханов Шаид Абуханович родился в 1930 году в селе Махкеты Веденского района. Муса Ибрагимов.

  • Карта посещаемости сайта:

    Регистрация Вход