Зил тоьхна, сан вахар нисдина,
Цхьа аз ду сан лерехь декаш.
ГIум-Азехь денанас бийцинчу
Даймахках ойла ю хьерчаш.
«Сан жиманиг, дIо генахь ДегIаста
Ю хьуна, вайга цIа кхойкхуш.
Со кхузахь юьсур ю гIамаршца,
Сан дуьхьа вахалахь, - бохуш.
- Хьан денда дуьххьара суна
Вевзина шовда ду декаш.
Хьан дена дуьххьара гина
Седарчий ду стиглахь лепаш.
Со йинчу, кхиъначу юьртан
Урамаш даьгна ду, даьсса.
Жималлех ца Iебаш дисна,
Со лелла некъаш ду деха.
Яьсса ю юьртахойн пхьоьха,
Со кхиъна ков-керт ду даьсса.
Бабиниг, хьо варе хьоьжуш,
Нохчийчоь лаьтташ ю яьсса...»
ГIум-Азехь денанас дийцина
Туьйра ду хIинца а дехаш.
Со, хIетахь сайн бабас Iехийна,
ХIинца а ву цунах тешаш..
Алиев ГIапур
|