Со дукха жима яра Казахстанера тхо цIадогIуш. Цхьадерг дага ца догIу. Массара «цIа доьлху» бахар даг чу дижинера. Чуьра сал-пал дIахьарчийна яккхий ларчанаш дагайогIу. Массо а самукъадаьлла хилар а дагадогIу.
ХIинца хаьа суна тхо Iаш хиллачу Уш-Тобера тхаьш автобуса тIехь Талды-Кургане дахана хилар. Гергарчу нахехь буьйса а яьккхина, шолгIачу дийнахь, гергара нах тхо новкъадаха баьхкина, цара вокзалехь доккха ловзар хIоттийра.
Массо а хелхавала лууш а, самукъадаьлла а вара. ТIаккха тхо вагон чу девлира. Тхан доьзал хилла Iаш бацара цу чохь. Тхан берриге а гергара нах, иттех доьзал, хьала-охьа, а бара. Вагон купе йолуш муххале яцара, ур-атталла плацкарт йолуш а яцара.
ХIетахь-м суна уьш хIун ю ца хаьара. Вагонан лаьттахь долчу аннаш тIехь дийшира. ЦIерпошт хьалха суна цкъа а гина яцара. Цундела къаьсттина самукъадолура сан и беха некъ беш.
Эххар а, 1957-чу шеран хIутосург (май) беттан хьалхарчу деношкахь, схьакхечира тхо Соьлжа-ГIала. Тхан деда а, денана а шайн доьзалца Соьлжа-ГIалара махках даьккхина дара. «Большая» цIе йолчу урамехь №62 йолуш, шайн долахь долчу цIенош чохь Iаш хиллера уьш махках бахале. Цундела, Соьлжа-ГIаларчу вокзалера тхо гIаш и цIа долчу дIадахара, тхайн ларчанаш текхош. Амма тхо керта ца дитира цIенош чохь Iаш болчу оьрсаша.
ЦIенош Iедало шайна делла, шуна Iан меттиг яц аьлла, милици кхайкхира цара, тхо лахкийта. Шайна луъуче дIагIо, кху чугIерта бакъо яц шун аьлла, милиционераш дIабахара, тхо арахь дитина.
ЦIадаьхкинехь а, тхо цIадахкаре сатесна Iаш Соьлжа-ГIалахь цхьа а ца хиллачух тера дара. Дедех дисинчу ков-керта тхо ца дуьтийла хиъча, тхан дас вахана машен ялийна, цунах «гурзовик» олура, цу тIе тхайн ларчанаш йоьттина, тхо Соьлже дIадахара. Тхоьца тхан деда, денана, да, нана, сан воккхахволу ваша, цхьа шо кхаьчна сан жимахволу ваша вара.
Соьлжехь сан дедеден хилла керт яра, кертахь Iаш оьрсий белахь а, оха уьйтIахь тхайн ларчанаш охьаехкира, тхан кхин даха меттиг яц аьлла.
Цхьа буьйса арахь яьккхира. Тхо кех довла дагахь доцийла хиъча, кертахь болчу оьрсаша, ненан карахь волчу сан жимахволчу вешех къахетта, цхьа чоь яссийра. Суна хIинца а ца хаьа, оцу жимачу цIачу тхо дерриге а муха тарделла.
Тхайн цIенош оьрсашкара схьаэца дийзира, цара боьхху мах дIабелла. Тхан дедедех йисинчу кертана уллехь еса цхьа меттиг яра. Тхан да а, нана а оцу меттига тIехь керла цIенош дан доладелира. ЦIенош дотта оьшу буьйда кибарчигаш жIайхошка яйтира. И цIенош а цаьрга доттийтира. ЦIенна поппар, арахула, чухула сан нанас хьаькхира.
СадаIар, охьахаар цуьнан цкъа а хуьлуш дацара. Iаьнан шело тIекхачале доьзал чуберзо гIерташ, яла хIоьттина, къахьийгира пекъара, кхиболчу нохчийн зударша санна. Оцу шерашкахь тхан доьзал хилла ца Iара керла цIенош деш, Казахстанера цIабирзина нохчийн массо а доьзал бара эгIаза ка-мIараш етташ, шайна чуберза тховкIелонаш ян цхьацца бахьанаш лелош.
ХIинца санна, юучуьнца-молучуьнца зовкх хьоьгуш а вацара цхьа а. Кхаьрзина картол хьалха йиллича, мархадосту де хеташ хене овлура. Делахь а, цхьа а воьлхуш, чIекъаш вацара. Дай баьхначу лаьтта тIе цIаверзар доккха ирс а, Веза-Воккхачу Дала бина къинхетам а лоруш, массо а тасавелла воллуш вара. И хир ю-кх иза, даима со шех цецъюьйлу, нохчийн къоман нуьцкъала амал а, синъондалла а.
Дуьне духуш а, духур доцу собар хилла вайн дайшкахь а, наношкахь а. Цара цкъа а цхьаьнгга а сагIа ца дехна. Мел яккхий халонаш шайна тIехIиттарх, цара цкъа а яхь дIа ца елла, уьш доьналлех ца бевлла. Дала шайна деллачух даима тоам бина.
Казахстанера хьалхо цIа кхаьчнарг, тIаьхьо цIавирзинчунна юьхь-дуьхьал хIуттур хьокхам, бIелиг-шекаран кийла бен яцахь а, карахь, куьйгахь цхьа баккхал йолуш. Цунах мерза кхаъ хуьлура массарна. Гергарлонаш къаьсттина лерина леладора тхо цIадаьхкинчу хенахь, уьйр-марзонаш хIинца санна цIархазмана яцара. Уьш цIеначу даггара яра.
ГАЗИЕВА Аза
№1, кхолламан (январь) беттан 3 де, 2019 шо
http://daymohk-gazet.ru