Памяти жертв депортации чеченцев и ингушей в 1944 году
Регистрация | Вход
Главная » Фотоальбом » Фотографии » ХIетахь... Яралиев Юсуп

ХIетахь... Яралиев Юсуп

Яралиев Юсуп
***
ХIетахь

Iаьнан чилла яра боху,
Нохчий цIера
арабохуш.
– Къоьжа хьекъалш холча хIиттош,
Дажал вара и кIур гIиттош,
ГIиллакхаш
юьхьIаьржа хIиттош.

– Массо вара хIетахь воьхна?
ГIодах доьхкуш
шаьлтий-доьхкий
ХIетахь нохчийн дан а дарий?
ХIетахь нохчий бан а барий?
Ша ву олуш къонах варий?
Халкъан бала кхочург варий?
– Вара.
– Мила?
– Верриг вара.
Верриг «халкъан мостагI» вара.

ХIетахь шийла яра чIогIа,
БIаьрса гIорош,
адам дохош.
Некъаш шера,
ша а хьаьхна;
адам къера,
дерриг хьаьхна…
Нохчий иштта
арабаьхна,
весет доцуш, шерет доцуш,
ков-керт, даьхний
дIа а даьхна,
Бакъонаш дIаяьхна.

сурт диллинарг Юшаев Султан ву..
В реальном размере 511x315 / 57.7Kb
2397 0

Добавлено 04.03.2015 isa-muslim

Всего комментариев: 0
Имя *:
Email *:
Введите код из картинки *:


Карта посещаемости сайта:

Регистрация Вход